Нахаца з1е латтор – иза ч1ог1а дика а, вайна оьшу а ни1мат хетта сунна, х1унда аьлча цо таро ло Дагестанан Куьйгалхочун даима а дагестанхошна уггаре а ч1ог1а сагатдечу хаттарш хаа а, церан баланашка а, кхачамбацаршка а ладог1а.
Хаттарш коьртачу декъана х1усамийн а, коммуналан а хьашташ кхочушдарх а, г1аланашкахь а, к1ошташкахь а инфраструктура тойарх а, некъан а, транспортан а кхерамазаллех а, дешарх а, медицинех а, заь1апчу доьзалшна г1уллакхдаран т1ег1анах а доьзна дара хаттарш.
Къаьсттина кхушара дагестанхой сагатдеш бу тоькаца а, газца а, хица а кхачо йоцуш хиларна.
Цкъа а ца хиллачу кепара саготта бу уьш, х1ора стагана хаддаза оьшу и мехала дакъош ца хилар х1ун ду, бохуш? Ткъа вайн республикин куьйгалхочуьнгара шайна жоп кхачаре сатуьйсу цара.