Дахарехь башхалла йац — хьо мила ву: хьалдолуш стаг, йа цхьа пекъар — коьртаниг ду вайн муьлха амалш йу… Цара кхуллу вайн васт. Таханлерчу дуьненахь вайна, адамашна, ч1ог1а оьшу къинхетам. Х1унда бу иза оццул а мехала?
Вайн дахаран некъ хаддаза кхечаьрца уьйр йолуш бу, х1унда аьлча, церан иэсехь вай лар йита а, хаза дагалецамаш бита а хьовсу вай. Цу т1ехь вайна г1о до дикачу амалша.
Иштта масал дало лаьа суна къинхетамах лаьцна.
Мацах цхьана больницехь хилла ч1ог1а цомгуш ши стаг. Хьалхарниг кора уллехь 1уьллура, ткъа шолг1ачун маьнга не1арна уллехь лаьттара.
— Х1ун гуш ду хьуна корехь? — хаьттира цкъа не1арехь 1уьллучо.
— Суна стигал го, стиглахула уьдуш кегийчу акхаройх тера мархаш, геннахь 1ам а го! — жоп делира вукхо.
Х1ора дийнахь кора йистехь 1уьллучу лулахочо дуьйцура арахь шена гуш дерг. Цунна гира 1ам т1ехь лелаш хинкема, инзаре боккха ч1ерий лаьцна ч1ерийлецархой, берда т1ехь ловзуш бераш, вовшашна т1ера безаман б1аьргаш д1а ца бохуш, куьйгаш а лаьцна, жима зудий-майрий. И дерриге цунна корехула гуш, лулахо хьийзош вара оьг1азлоно.
«Х1ара нийсо йац, — ойла йора цо, — со а воцуш, иза х1унда коран уллехь охьавиллина ву, гуш долчу хазачу суртех воккха а веш? Ткъа суна-м д1аьвше басар хьаькхна не1 бен ца го?!».
Цхьана дийнахь кора йистехь 1уьллу лулахо, ч1ог1а хьацар а тоьхна, вон хиллера. Медсестра кхайкхаран кнопки т1е кхача г1оьртира иза, амма цунна ницкъ ца кхечира.
Хуьлуш долчуьнга хьоьжуш 1ара важа цомгашниг. Цуьнан кнопка та1он хала а дацара, амма цо иза ца дира. Лулахочо кхайкхира цуьнга, амма х1ара вист ца хилира. Дукха хан йалале кора йистехь 1уьллу стаг кхелхира…
Иза д1авигича, х1окхо дехар дира медсестрага, ша коран уллера маьнги т1е вижаве, аьлла. Цомгушчун дехар кхочуш а дина, дуьхьал болчу маьнги т1е охьавижа г1о а дина, не1арехьа д1айахара медсестра. Ц1еххьана сацийра иза цомгушчуьн цецваьллачу кхайкхамо: «Х1ара х1ун ду?! Х1ара кор еса пенаш гойтуш ма ду! Веллачо шена гуш ду хьун, 1ам, мархаш, адамаш, — аьлла, ма дийцира соьга!».
Медсестра г1айг1ане елакъежира:
— Хьан д1акхелхина лулахо б1аьрзе вара, иза х1умма гуш вацара.
Корана уллохь 1уьллучу цомгашчу стаго шен лулахочуьнга иштта хабарш х1унда дийцина, аьлла хета шуна?
Дера дийцина, ша къинхетаме а, дика а адам долу дела.
Суна лаьара, иштта хьал вайн дахарехь цкъа а ца нисдалийта, вайна гонах къинхетаме нах бен ца хуьлийла.
Стаг нахаца къинхетаме хилча, цуьнан оьздангаллин хьал алсамдолу. Къинхетам бахьана долуш, х1ора керлачу дийнах самукъадолу… Х1ора къинхетамечу стага шен чоьхьарчу серлонан цхьа дакъа уллехь болчаьрна д1ало. Иштта, къинхетаме нах к1езиг цомгуш хуьлу аьлла хета суна, х1унда аьлча, цуьнан ойланаш дуккха а сирла а хуьлу. Х1ораммо ша къастадо: къинхетаме х1уманех самукъадолу, йа цуьнга цабезам хуьлу цуьнан…
Къинхетам — иза синтем хилар, кхетам, уггаре а дика а, пайде а дерг, нахана г1о дан а лаам хилар ду. Къинхетаме стаг цкъа а нехан г1айг1анна генахь 1ийр вац, цо г1о дийр ду массо и г1о оьшучу нахана. И муьлхха а кепара хилча а башхалла йац: ахчанца йа бохчанца, йа хаза дош аларца — и даима а мехала ду муьлххачу а хьолехь…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ