Бакъонаш ларйаран векалца цхьаьнакхетар

Д1адаханчу к1иран чаккхенгахь Меликов Сергей цхьаьнакхийтра Россехь адамийн бакъонаш ларйаран векалца Москалькова Татьяница.

Йуьхьанца Меликов Сергейс баркалла элира лаккхарчу хьешана, цо вайн махкахь массо а регионашкара шайн векалш гулбарна а, цаьрца цхьана кхеташо д1айахьарна а. Шен къамелехь цо билгалдира, бакъонаш ларйаран урхалло д1ахьош боккха болх хилар.
Дагестано керла регионашкара т1елуьйцуш бахархой бу. Х1ара шо доладелчахьана, 1656 бер далийна вай долчу. Церан дешаран г1уллакх лаккхарчу т1ег1анехь ду. Иштта, концерташ а, экскурсеш а, мастер-классаш а йу йеш.
«Уггар а чолхе хьал электроэнергица ду тхан. Кху шарахь Президентан Путин Владимиран т1едахкаршца, дуккха белхаш бу и кхачамбацар д1абоккхуш беш. Йерриге энергосистема хила ма-йезза карлайоккхуш йу. Цуьнца цхьана, экологин г1уллакх а ду лардеш. Цуьнан гурашкахь, регионехь йеш йу вайн заманахь дерриге а декхарш кхочушдеш йолу кхаьлли а, нехаш а кхечу аг1ора пайде йеш йолу полигонаш», — довзийтира Меликовс.
Мероприятин жам1ашца, Меликов Сергейс а, Москалькова Татьянас а барт бира, дагестанхойн бакъонаш ларйаран хьокъехь йог1учу ханна цхьаьнакхетарш дуккха а д1адахьа деза, аьлла.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля