СВО-н ветеранийн гуламехь хилира Меликов Сергей

 

Кхузахь дакъалоцуш бара СВО- ветеранийн Ассоциацин Координационни кхеташонан председател Макаров Сергей, республикин ведомствийн а, йукъараллийн цхьанакхетарийн а куьйгалхой.

 

Мероприяти д1айолайалале, Регионан Куьйгалхо Макаров Сергейца, «Даймохк дуьхьа д1акхелхина турпалхойн бераш» гайтаме хьаьвсира.
«Тахана, герзаца Даймохк 1алашбеш дуккха а бу-бохху к1ентий бу. Вайн декхар ду церан доьзалшка хьажа. СВО йолайелчахьана, цигахь дакъалоцуш шортта дагестанхой а бу. Церан йукъара дукхаха берш шайн майралла а, турпалла а гайтина бу. Медалшца совг1аташ а дина царна. Шуьйтта вайн махкахо «Турпалхо» аьлла ц1е йелла ву. Халахеташ делахь а, церах йалх бен дийна вац», — элира Меликовс.
Кхуззахь цо довзийтира, церан доьзалашна 1едало деш долу г1о. Цо билгалдарехь, федеральни а, региональни а, муниципальни а т1ег1анашкахь, цхьамогг1а г1о-накъосталла ду царна деш – ахча, лоьрийн дарба, кехатийн г1уллакх, иштта д1а кхин а.
Вай долчу хьошалг1а варна, Республикин куьйгалхочо баркаллина дош элира генерал-полковникана Макаров Сергейна массо а дагестанхочуьн ц1арах.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля