ХIинца а нийсо меттахIотторе сатуьйсуш ду…

 

Эсаран 30-г1а де — политикан репрессеш лайначарна дагалецаман де ду. Советан 1едал долчу шерашкахь политикин бахьанашца массо а аг1ор репрессеш йира миллионаш тайп-тайпанчу адамашна.

 

Сталинан политикан репрессеш йолаелира СССР-хь 1920-г1а шо чекхдолуш. Амма массо а репрессийн мур д1аболабелира Н.И.Ежов НКВД-н куьйгалхочун дарже х1отторца: х1аллакъбира «кулакаш», «советан пачхьалкхана дуьхьал йолчу партийн», «троцкистийн», «динийн декъашхой», «советан пачхьалкхана дуьхьал йолчу элементийн» декъашхой. Леррина теллина архивашца, 1921 шарахь дуьйна 1954 шеран чиллин беттан 1-г1а де кхаччалц контрреволюцин зуламаш дарна хенаш тоьхна 3 777 380 стагана, царех 642 980 стагана вен кхел йина, 2 369 220 стаг лагершкахь а, набахтешкахь а латтийна.
1991 шеран 18 октябрехь т1еийцира РСФСР Лакхарчу Кхеташонан № 1763/1-1 «Политикин репрессеш йинчарна дагалецаман де х1отторах лаьцна» сацам, цул т1аьхьа 30 эсаран де хилира официалан къобалдина Дагалецаман де. Оцу дийнахь цхьайолчу г1аланашкахь д1ахьо тезетан митингаш а, дагалецаман цхьаьнакхетарш, дешаран учрежденешкахь «дагалецаман урокаш» и д1. кх. а, 1999-чу шарахь кхелхина а, баланаш лайна а адамаш дагалоцуш, политикан репрессеш лайна болу.
Дерриг а махкахдаккхарна к1ел нисделира кхарачой, калмыкаш, нохчий, г1алг1ай, балкхарой, кхиберш а.
1944-чу шарахь 23-чу чиллин беттан дийнахь махках баьхна нохчий а, г1алг1ай а. «Чечевица» аьлла ц1е тиллира махкара арабохуш д1айаьхьначу операцин а. Билгалдаккха деза, Дагестанера нохчий а, иштта Къилбаседа Х1ирийчуьра г1алг1ай а махкахбаьхна хилар. Нохч-Г1алг1айн Автономин Советан Социалистически Республикера араваьккхира ах миллион гергга стаг. Мацалла а, шело а, цамгарш а бахьана долуш, дуккха а эзарнаш адам делла цу 1азапехь. Беллачийн декъий д1асалело бакъо йацара. Г1аролхоша машенаш чуьра аракхуьйсура уьш. Нохчашна а, бусалба нахана а уггаре а хала х1ума ду шайн безачийн декъий д1а ца доьхкина дитар.
Дагестанера махкахбаьхначу нохчех ах бен ца бирзина дийна ц1а. Амма шайн х1усамашка а, йарташка а берза аьтто ца баьлла церан. Царна дуьхьалбевллера герз карахь долу полисхой. Нохчийн Республика а, кхийолу субъекташ а шайн автономашка йухаерзийнехь, Къилбаседа Х1ирийчохь баьхна г1алг1ай а, Дагестанера нохчий а х1инца а нийсо меттах1отторе сатуьйсуш бу.
Лакцаш бехачу керлачу «Новострой» олучу метте д1атарбаран программа а, Дагестанан Ауховски район меттах1оттор а иттаннаш шерашкахь д1айаьхьира. «Новостройхь» х1инцале а нах д1атарбан керла х1усаман структура йина йоллушехь, цига д1а ца боьлха лакцаш, йа шайн бераш а, берийн бераш а оцу керла дина ц1енош чу д1ахьажо.
Шайца оьшуш долу дерриг а кехаташ а, кхелан сацамаш а болуш, шайн х1усамашка чубаха аьтто бац вайн нахана.
Дег1астанан нохчаша 1989-чу шеран февралехь Ярыксу-Аух юьртахь кешнашна уллехь болчу гу т1ехь Сталинан репрессешкахь бехк боцуш байинчарна х1оллам х1оттийна. Цигахь вай х1ора шарахь чиллин беттан 23-чу дийнахь дагалоьцу массо а Казахстанехь а, Г1ирг1азойчохь а, иштта г1ум-аренашкахь а 1уьллуш бисинарш, ц1ерпоштан некъан йистехь кешнаш доцуш, царна ясин а доьшу.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля