Баккхийчу нехан доладар — вайн декхар

 

Эсаран 1-чу дийнахь даздеш ду Дуьненайукъара баккхийчу нехан де.
Жима долуш вай наггахь бен ойла ца йо къандаларан. Даима а къона хир ду моьтту, амма дахар д1адоьдуш ду, шераш сиха д1аоьху: цхьана муьрехь адам кхета долало, ша а, деден-ненаненан мог1аршка д1акхетарх.
Баккхий нах дахарехь дуккха а х1уманех чекхбевлла. Уьш кхечарех къаьсташ бу. Цара дуккха а шерашкахь бина болх а, мехала г1уллакхаш а дина, хала зераш а лайна, цхьаберш кхид1а а къахьоьгуш бу.
Японехь иштта кица ду: «Шен баккхийчарна муьт1ахь ца хилларг, жима волуш леш ву — стенна оьшу царна къаналла, цара оццул сий ца деш йолу».
Баккхий нах боцуш, кегийчарна хала ду дуьненахь. Кхин хьаьнгара хезар ду тамашийна туьйранаш? Йа хьан дийр ду мерза чам болу бепиг, хьоме нанас йа бабас бен?
Цара вайна дахарехь дуккха а хазахетар ло! Шайна зеделларг кегийрхошца дийца а лаьа царна, цаьрга хьехар а деш.
Вайн пачхьалкхо боккха тидам т1ебохуьйту баккхийчу нахана: социальни 1алашбаран система йу, тайп-тайпана пособеш а йалар а, пенсеш алсамдахар а, социальни а, медицинан а г1о дар а, ц1ахь 1уналла дар а, кхин а дуккха а х1уманаш чулоцуш долу.
Пачхьалкхо къаьсттина тидам хьажийна тайп-тайпанчу бахьанашца шайн дола дан ницкъ ца кхочучу баккхийчу нахана а, цхьалхачу баккхийчу бахархошна а.
Баккхийчу нахаца йолу юкъаметтиг къинхетаман а, адамаллин а гайтам бу. Стагах лаьцна дуккха а х1ума дийца йиш ю, цо баккхийчу нахаца г1иллакх муха леладо хиъча.
Баккхийчу ден-ненан доладар — иза вайн юкъараллехь вуьззина стаг лара хьалхара шар1 ду.
Дукхахболчу баккхийчу нахана г1о оьшу кегийчу, могуш болчу, ницкъ болчу нехан. Амма кегийрхоша деш долу г1о-накъосталла а, г1айг1а а, гуш-хезаш а доцуш, даггара хила деза.
Олуш халкъан хьекъал ду: «Дика бераш – ирсе къанвалар ду». Баккхийчу нахана, дукха хьолахь, шайна гергарчу нехан ахчан г1о оьшуш дац, тидам санна.
Баккхийчу нахаца тидаме хилар – боккха гайтам бу. Церан иэсас вайн истори латтайо, х1ора дош, х1ора дагалецам, хьекъале хьехамаш мах боцуш бу т1екхуьучу чкъорана.
Вай алсам терго а, безам а гайта беза баккхийчу нахана: уллехь бехачаьрга а, урамехь дуьхьалкхеттачаьрга а. Вайн баккхийнаш дуккха а х1уманех чекхбевлла. Ойла йича, мел дукха г1уллакхаш дина вайн баккхийчара шайн дахарехь: хьанал къахьегна, бераш кхиийна, т1аккха берийн бераш а и д1.кх.
Баккхийчу нехан дахар дикачу аг1ор хийца, уьш йовхонах, серлонах бузо вайгахь ницкъ бу. Мел мехала ду иза — баккхийнаш шайн г1айг1анашца, баланашца цхьалха ца битар, царна боккъал а г1о-накъосталла дан ницкъ кхочуш хилар, хазачу дашца царна г1ортор йан. Церан доладар а, г1айг1а а, лерам бар а вайн декхар ду.
Даггара лаьа дуккха а шерашкахь баккхийчу нехан могашалла, синпарг1ато, доьзалера а, накъосташкара а йовхо, безам, лерам хуьлийла!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля