Массо а заманахь 1аламна зен дора адамаша: талош дора, дитташ дохура, амма 1аламан таро хилла шен ницкъ меттах1отто. Х1инца,1алам бехдар массо а къобал дан мегаш долчу дозанал дехьадолуш ду — адамаша шайн 1ер-дахаран меттигаш х1аллакйо.
Тахана боккхачу кхерамехь ю дукхах йолу г1аланаш. Х1унда йу вай дехаш йолу меттиг нехийн купашках д1айуьзна? Цара талхайо г1алин пейзажаш, ткъа д1айуьзна нехаш чуйохкучу кхабанаш чохь вон хьожа йог1у. Нехаш массанхьа а гуш ю — урамашкахь, паркашкахь, сада1аран меттигашкахь. Иштта хьал хиларан бахьана ду цхьана декъехь бахархойн шайн г1алица жоьпалла доцуш хьежамаш хилар. Адам бен дац 1алам бехдаран бахьана. Иза кхоьллина ду дуьне лардархьама, амма адамашна дицделла вайн дахарехь и мел мехала ду.
Цхьаболчу бахархоша нехаш д1айахьарна ахча ло, вукхара ца ло, ур-атталла, ерриг а г1алахь а, цунна гонахь а д1асайаржош йу уьш. Г1ала боьха хиларна, оцу сохьта нехаш д1а а кхуьссуш, когаш к1ел, хьуьнхахь, нийсса некъаш т1ехь, хин бердашца а, хьаннашца а нехаш а йаржош, оьг1азло йо вай. Вайн сийлахьчу 1аламан хазалла телхина ца 1аш, вайна а, акхаройн дуьненна а д1овш ло.
Вайн юкъараллин йоккха дакъазалла ю, х1инцале а х1ора дийнахь шайна гонаха, когаш к1ел нехаш ган марзделла, ерриге а т1аьхьенаш кхуьуш хилар, цхьаболчара и тайпа 1алам дахаран ламаст лоруш хилар. Уьш марзбелла шайн бешан къепе т1ехула а, машенан корах ара а нехаш кхийса.
Кхетош-кхиоран болх оьшу вайна, цу юкъахь берийн а, дешаран а учрежденешкахь а. Шаьш нехаш д1айер яц, х1ора шарахь кхуьуш хир ю. Дерриге а вайга юхадоьрзур ду. Экологин культура лакхайаккха йеза, т1екхуьучу т1аьхьенна вай вешан масалца 1аламан дола дан 1амо деза.
Адамаша бен г1о дан йиш йац дуьненан оцу экологин бохамах хьалхавала! 1аламан шен ницкъ ца кхочу цу тайпа кхерамна дуьхьало йан, цундела вайх х1ораммо а шен ницкъ кхочучу кепара дакъа лаца деза дуьненаюкъара экологин бохам д1абаккхарехь. Вайн Лаьттан бахам ларбар, алсамбаккхар – иза коьрта декхар ду оцу новкъахь.
Вай массо а вайн мехкан бахархой ду, вай х1ора а вай дехачу дуьненан дакъа ду. Урамийн а, гонахарчу 1аламан а ц1еналла дуккха а х1уманех йозуш ю. Кхузахь оьздангалла йоцуш лела йиш йац. Х1етте а, вайн г1ала нехаш кхуссу меттиг хир йу, йа яц бохург х1ора стеган синкхетамца доьзна ду — мог1арерчу вахархочун йа лакхарчу даржехь волчу хьаькаман. И бала д1абаккхар — къоман ойла хила йеза. 1аламан дола дан деза вай.
Вайн г1алахь нехийн «лаьмнашца» долу хьал тергонехь латтош цхьа а вац. Цхьаммо а г1уданаш ца туху. И дерриге а д1алелар ду бехке берш та1зар ца деш мел бу. Цундела нехаш кхуьйсуш товш болчу нахана та1зар ч1аг1дан деза, аьлла, хета суна. Иштта ч1ог1а мехала ду муниципальни 1едалан г1о-накъосталла, цара нехаш д1айахарна т1ехь терго латторхьама а, бахархоша нехаш арайаха йиш йолу леррина контейнерш вовшахтохархьама а. Иза 1алам лардарехь йукъара г1уллакх ду!
Бибулатова Iайнаъ