А. Абдулмуслимов хилира кегийрхойн форумехь

«Каспий-2024» форум йу Х1енж-г1алахь д1ахьош. Кху деношкахь цигахь хилира Дагестанан Правительствон Председатель Абдулмуслимов Абдулмуслим. Форуман гурашкахь хиллачу проектийн майдане хьаьжира лаккхара хьаша.

Гайтамна охьайихкина йолу экспонаташка цуьнца цхьаьна хьаьвсира кегирхойн г1уллакхехула волу министр Саидов Камил, Избербаш-г1алин мэр Исаков Магомед, форуман директор Садыков Шамиль, иштта д1а кхин а.
Министра Саидов Камила баьхкинчаьрга йовзийтира волонтерийн организацийн проекташ. Церан йукъахь йара лоьрийн тоба а. Цара гайтира медицински хьалхара г1о дар муха хила деза.
Форуман гурашкахь хиллачу халкъийн майданашкахь д1ах1иттийна раг1уш йара. Гулбеллачеран аьтто хилира тайп-тайпана къаьмнийн духарш а, церан 1ер-дахар а довза.
Иштта кхин а раг1у йара, суьрташ дохкуш, кузаш дуцуш. Цуьнан уллехь поппарах тайп-тайпана х1уманаш йеш раг1у а йара.
Шена гиначунна ч1ог1а реза хилира Дагестанан Премьер-министр. Цо билгалдира, иштта т1аьхье кхиор доккха дозалла ду, аьлла.
Дагадайта лаьа, х1ара форум вовшахтоьхна Дагестанан Правительствон г1оьнца, Росмолодежан декъашхоша а, Дагестанера кегийрхойн минитерствос а.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля