Хьехархошна лерина кхеташо

 

Кху деношкахь Къоман Гуламехь «Об образовании в Республике Дагестан» Законана хийцамаш бан лерина д1айаьхьначу кхеташонехь, спикера Аскендеров Заура декхарш т1едехкира образованин а, наукин а Комитетана, хьехархойн социальни гарантеш дуккха а хилийта, аьлла.

Шен къамелехь цо билгалдира, урокаш хьехаран болх керлачу т1ег1ане баккха беза, аьлла. «Уггар а коьртаниг — хьехархочун лерам хьалабаккха беза. Цул совнаха, церан алапа а ду хила ма-дезза бараме даккха дезаш.
Вайна массарна а дика дагадог1у, хьехархой муха лерам болуш бара вайн жимачохь. Тахана а и хьал ишттачу т1ег1ане даккха деза, аьлла, хета суна. Бакъду, алапа а, социльни гарантеш а лахара хилахь, вай лелочух а, дуьйцучух а, бечу балхах а цхьа а пайда хир бац», — элира цо.
Кхеташо д1айерзош, профильни Комитетана и г1уллакх дахьа ма-дезза д1адахьар а, чаккхенга дерзор а т1едиллира спикера.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля