Лерса доцурш – юкъараллин буьззина декъашхой бу

Вайн юкъараллехь ира лаьтташ ю лерса доцчу нехан проблема. Царна г1о дан йиш йолу технологеш дуккха а йелахь а, йаккхий халонаш хьоьгу цара. Оцу бакъдолчунна т1е тидам бахийта кхоьллина Дуьненаюкъара къорачу нехан де.

Дезачу дийнан истори йолаелла 1951-чу шарахь. Италехь хьалхара Дуьненаюкъара лерса доцчу нехан конгресс д1айаьхьира. Конгрессехь ч1аг1о йира хезаш боцчу йа хезаш хиларца баланаш хьоьгуш болу нехан синхьовзамаш юкъараллина бовзийтар. Сацам бира Дуьненаюкъара къорачу нехан де билгалдаккха.
Иза кхоьллина 1958-чу шарахь. Х1етахь дуьйна х1ора шарахь товбецан беттан 30-чу дийнахь даздеш ду и дезде. Цуьнан 1алашонаш ю дерриг а дуьнент1ехь лерса доцучу наха ловш болу баланаш бовзийтар, церан хьашташна а, бакъонашна а т1е тидам бахийтар.
ВОЗ-о бинчу хаамца, 5% сов дуьненан бахархой бу тайп-тайпанчу кепара лерса ца хиларца, 80% гергга беха кхуьуш йолчу пачхьалкхашкахь. Оьрсийчохь, Росстато бинчу хаамца, и тайпа цамгарш йолуш 8 миллион сов вахархо ву.
Халахеташ делахь а, ишттачу нахана вуно хала ду юкъараллехь нисбала. Царна хала хуьлу кхечаьрца къамел дан, къаьсттина, нагахь санна т1аьххьарчарна къорачу нехан мотт ца хаахь. Хезаш долчу берийн дукха хьолахь дуьззина дешар 1амо аьтто ца хуьлу, ткъа баккхийчарна болх ца карабо. Гуш доцучу нахана халонаш хуьлу информаци схьаэца, киношка хьовса, субтитраш йолу 1алашонан мотт оьшу царна. Оцу дерригено хаъал дозанаш до церан юкъараллин дахарехь дакъалацарна, дика ахча даккха аьтто ца бо.
Дуьненаюкъара лерса доцчу нехан де кхоьллина юкъараллехь царна г1о дан а, кхечаьрца цхьатерра дахарехь дакъалаца г1о муха дан мегар ду, бохучух кхетам лакхабаккха а. Цо гойту лерса доцурш юкъараллин буьззина декъашхой хилар а, церан цхьатерра аьттонаш хила бакъо хилар а.
Дезачу дийно 1едалшка кхайкхам бо, лерса доцчу нахана дика дешар а, могашалла 1алашъяр а, белхан меттигаш а, кхин а мехала ресурсаш а хилийта, царна шайн таронаш кхочушъйан а, юкъараллин жигара декъашхой хила а г1о дийр долу.
Цул сов, Дуьненаюкъарчу лерса доцчу нехан дийнахь 1алашонан мотт 1амор д1акхайкхош ду.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля