Ешар – хаарийн хьоста!

 

Кху заманан юкъараллехь сингаттам кхуллуш тенденци ю — наха хьалха хиллачул дуккха а к1езиг йоьшу кинишкаш. Вайн кегийрхоша ерриге хан йоккху компьютершкахь а, телефонашкахь а. Церан куьйгаш цаьрца д1алаьцна ду.
Х1инцалера технологеш а, интернет кхиар а, кхеташ ма-хиллара, сацо йиш яц.

Ас сайна а кест-кеста пайдаоьцу интернет чуьра. Амма кхузахь мехала дуй хаа, ахь интернетах пайдаоьцу дешаран т1ехь, балха т1ехь, я еккъа хан яккхархьама лаьтта хьо цу чохь… Т1аьххьарниг, халахеташ делахь а, дукха нисло.
Коьртачу бахьанех цхьаъ ду мехаллаш а, дахаран кеп а хийцаялар. Таханлерчу дуьненахь адамаша сиха информаци кхачорна а т1е тидам бохуьйту. Книгаш еша хан а, ницкъ а оьшу, ткъа интернето сихонца информаци а, самукъадаккхар а ло. Кхечу хьостанашкара хаамаш сиха а, атта а хиларо, дукха хьолахь, адамийн тидам дӀабоккху кинишкаш ешарх.
Кхин цхьа бахьана ду информаци т1ехсов д1асаяржар. Вай хаддаза тайп-тайпанчу информацина чудоьжна долу дела, хала хуьлу вайна кинишкаш еша. Иштта, ешар лахдарехь дакъа лоцу самукъадаккхаран технологийн 1аткъамо. Социалан машанашкахь тайп-тайпана чулацаман форматаш ю. Хаддаза тайп-тайпанчу самукъадаккхаран кепашна т1екхача аьтто хиларо а лахйо дог-ойла а, кинишкаш еша луш йолу хан а.
Амма уьш ца ешаро шен вон т1аьхьалонаш юьту, ешаро г1о до хьекъал а, критически ойла а, хьан синкхетам шор бан а. Аналитикин а, меттан говзалла а кхиа йо цо. Дог-ойланан хьоста а, ницкъ а, хьекъал а ло; иэс тодо, тидам т1ебохуьйту. Ешар кхечу культурашка, заманашка, хьежамашка кор хила тарло, вай дехачу дуьненан тайп-тайпаналлех дика кхета а, мах хадо а г1о деш.
Цундела мехала ду ешар юхадерзор а, и кегийрхошна юкъахь даржор а.
Цхьа масал дало лаьа суна. Дукха хан йоццуш Махачкалара ц1а йог1уш яра со. Микроавтобусана чу яьлча, со дуьхьал нисъелира, телефонаш чохь лаьтташ Ӏачу нахаца цхьаьна, 11 шо гергга хан йолу йоӀ. Кинишка йоьшуш яра иза, Булгаковс язйина йолу!
И сурт ч1ог1а дагах кхеттера суна — цуьнца къамел д1адоло дагахь яр со, амма тӀаккха и ойла хийцира ас, цуьнан синпарг1ато ца йохо. Ешарна тӀейирзина яра иза, шена уллехь хиъна Ӏачу нахаца бала а боцуш.
Ч1ог1а хаза хийтира суна гаджеташца озабезам боцу кхиазхо гича.
Вайн иколашкахь а, вузашкахь а ешаран мах лакхабаккха беза, олий, хета суна, гӀо дан деза дешархошна тайп-тайпана исбаьхьаллин произведенеш еша аьттонаш беш. Х1унда аьлча, ешар — тешаме хаарийн хьоста ду. Дай-наноша а доккха дакъа лаца деза шайн берашна кинишкаш ешар совдаккхарехь а, уьш лело аьтто барца а. Ешийта цаьрга кинишкаш! Тайп-тайпанчу теманашна т1ехь кест-кеста къамелаш де.
И вайн дахарехь мехала а, д1акъаста йиш йоцу а г1уллакх ду. Цо вайн хаарш хьалдаьккхина ца 1аш, вайн амал кхиийна ца 1аш, тайп-тайпана синхаамаш зедан аьтто бо. Ешаре безам юха а кхиош, цуьнга юхадерзар — мехала г1улч ю. 1илмано цкъа а цхьаннена а зе ца дина.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля