Белхарехь лела велар

ДIадевлла хIуманаш ду уьш. Делахь а церан лорах дIа йисте ваьлча, оцу дийнахь цигахь хилла и болх сан бIаьра хьалхара ца болу.
Ден шичой бара тхан, тхан ден ден вешин воIарий бара уьш – Джандар, Джансура, Хьасанбек.
Ялхарахь хьовха, махкахь а чIогIа цIе йолуш къонах вара ялхаройн Экин Джандар.
Экин Джандаран йоI яра Совдат.
Совдат шен вешина яло аьлла, тIаьхьаьваьлла лелара Джандар, кхаа вешех воккхахверг.
КъурIан а карахь, схьа ара а ваьлла:
– ВаллахI, биллахI, таллахI, Делера доьссинчу хIокху Делан КъурIанора, ахь иза йигахь, хьо веза Iийр ма вац со, – аьлла, дуй биира Совдатан ден вешин воIа.
Цо и дуй биъча, тIекхетта КъурIан схьа а даьккхина:
– ВаллахI, биллахI, таллахI, Делера доьссинчу хIокху Делан КъурIанора, иза йигаза Iийр ма вац со, – аьлла, вукхо а биира дуй.
Цхьаннан къарбан безий церан и!
Амма цу буса, киншка а эцна, чу а вахана:
– ХIокху Делан КъурIанора, хьо тховса ара ца ялахь, хьан ден вешин воI вуьйр ма ву ас, – аьлла, Совдатана дуй биира Джандара, оцу кхаа вешех воккхахволчу вашас.
Ден вешин кIант бохамах ларван аьлла, ден вешин кIентан дуй къарбира ден вешин йоIа.
Иза араяьлла меттиг – тоьлла стаг яра Совдат, тоьлла болчу зударшлахь тоьлла хир йолуш – иза араяьлла и меттиг (куьзганан бIаьрг буьйцура цара, коран) ше хиллал хилла-кх…
Со а жима вац цу хенахь, суна дагадогIу шадериг. Вайн чохь ю Совдат, йоссийна… Зазу йогIура Iуьйрана, Совдатан нана. Зуда йогIу йолу некъ бацара цо бохьург. Цу тIе, генара ян езаш а яра, Кхоьрга лам тIе хьала а яьлла, дукха буьрсачу меттехула. Даьккхина йовлакх а карахь, сардамаш дуьхкуш йогIура Зазу.
Меллаша тIекхетта Зазу марайоьллира Таьштамара.
Таьштамар, ваша вала а велла, доьзал бисча, уьш гIел ца балийта гIерташ, гихь йол кхоьхьуш, и къа а хьоьгуш Iаш вара, даьIнаш девлла, настаршца лазар доллушехь, кхоа ца луш.
– Вай дика гергаха нах хир ду, Зазу, – элира цо. – Гергара нах ца хилахь, мехкан нах хир ду вай, мехкан нах ца хилахь – доттагIий. Зуда дIа а йоьуьйтур ю, дIа а лур ю. ДIаяла, дIагIо, Зазу, цIа гIуо, – мара а йоьллина. И Зазу оцу Таьштамара дIаяхийтина а дагадогIу суна.
Цул тIаьхьа цига нах бахана. Мел бахана ала хуур дац суна, амма ткъа, шовзткъа, кхузткъа стаг ала мегар долуш нах бахана цига говрашца.
ГIуллакх ца хилла церан.
ШолгIа а бахана.
Йистъяьлла, гIуллакх хьалха-тIаьхьа ца даьлла шозлагIа а.
КхозлагIа бахана тIаккха нах, шайца зуда а юьгуш дIа, воккхаллина а, верасаллина а аьлла, хьалхаваьккхина моцIаройн БитIакъ а, Галайн-ЧIожара Джамболатан Хьату а эцна – Зазун ваша вара Джамболатан Хьату.
Джамболатан Хьатуй, БитIаккъий, шайца йолу Совдат а, дошлой а, дIо совца а бина, уьйтIа ваьлча, схьадуьхьалъяьлла нораца хьуьлла боршам хьокхуш йоллу Зазу.
Цхьа шен хабар а, хIума а сонта долуш вара БитIакъ.
– Маржа, сан захал-яI, – аьлла, човха а йина, цо говр тIетаIийча, Зазус шен карара и нуй, бахьа а баьхьна, говран коьртах схьатоьхна, БитIакъина тIехь мел долу хIума а, ерриг говр а кхох юьзна.
Само йина БитIакъа, цуьнан и само хьалха а яьлла, ши дакъа даза Зазу а йисина – Джамболатан Хьатус, яьккхина, йишина тоха аьлла, лакхара охьаластийна шаьлта ша цестина дIасадаьллачу хIаваан есаллехь сецна, БитIакъ кIел куьг таса а кхиъна.
Зуда дIо арахь лаьтта, и шовзткъа-кхузткъа дошло ву циггахь. Царна гуш дац. УьйтIахь бухарчех нах бу. Дерриг гуш. Гарх, цхьа а меттахъхьовш вац царах, матте йирзинчу Джамболатан Хьатун шаьлтанан иралло лаьцна.
– Да хьакхица валла хьан, нана хьакхица ялла хьан, ваша хьакхица валла хьан, йиша хьакхица ялла хьан. ТIаьххьара тIеаьлларг-м ала мегар долуш дац.
Амма Джамболатан Хьату цу бехкамах воьхна, дукха чIогIа юьхьIаьржахIоьттина. Воьхнехь а, ишттачу хьолехь ша дан догIург хIун ду ца хаъал кхетамах вохаза хилла и.
Джамболатан Хьату дIаваха ваьлла.
ДIа ца вохуьйтуш, Джамболатан Хьату саца а вина:
– ХIара кхидIа дийцича а дош дац. Вай гергара нах хир ду. Тховсалера буьйса кхузахь а яьккхина, кхана Iуьйрана дIагIур ду шу, – аьлла, йоI-йиша а, невцан накъостий а дIа чубигина ялхароша.
МаслаIатан хьалхе лехна мохк боьхна хIинца дуйнан чIагIонах.
Сту бийна хьешашна, кхо шо кхаьчна. Сакъера хиъна и шовзткъа-кхузткъа стаг, шуьнехь буьйса а текхна, Iуьйрана дIаваха схьаваьлча, БитIакъин говр, мокхазах догIуш долу суьйлийн чIегIардиг санна, гIовх хьалахIоьттина – чIогIа тамашийна говр хуьлуш вара БитIакъ.
– Во-о, велларг хьакхийца валла, нашхой, шун делаI, – аьлла, бийлабелла ялхарой. – Цкъа веъна бере ца веа шун, цкъа еана нуьйр ца еа аш, цкъа еана говр ца ялий аш. Йовла мукъана мичара йовлу шуна уьш?
ГIовх лаьттачуьра говр юха а яьккхина, дIа а яхийтина, схьа а яийтина:
– Цхьа астагIа стаг ву тхан тIулга тIехь вехаш, – вистхилла БитIакъ. – Цо, яз а йойтий, цхьа кехатан цуьрг хьалайохуьйту Хьалха лам тIе. ТIекхаьчна говр а лой, и схьавоуьйту. Ткъа нуьйр цхьаъ ю тхан, цкъа хьалхе тIехьа ерзайой туьллу оха и, тIаккха тIехье хьалха ерзайой туьллу, – аьлла, БитIакъа иза а олуш, и нах цIа а баьхкина, той дечу бедана хьалаялийна Занзаренан Макка, ийбеш пондар а лоькхуш, хелха а юьйлуш, эцца и ловзар дина дагадогIу суна.
Суна дагадогIу Совдатан пхи бер, цул тIаьхьа мехкан тезет хIоьттина де а. Цу дийнахь шен доьзалца яц Совдат. Иза, кхана вай дохадо аьлча, тахана, налогана цхьа етт дIа а бигина, ма гIуо боххушехь, оцу аттана тIаьхьаяхана ю, кхин доьзалх кхетар яц, цхьа хан яллалц, Сибрехахь бен. КIант хир ву цуьнан цул тIаьхьа. И кIант а дIавер ву, дIавер ву цIера дIавигина кхо кIант а, ши йоI а, цIийнда а, ша а. Кхин хIумма а дац царах тIаьхьадисина.
Дукха деха туьйра ду и ма-дарра дийца. Амма ваьшна хIун ду а, хаа йиш а йоцчунна тIехь туьйра доцчух туьйра дан вай марздаларна, хIетахь леллачу цу некъан цхьа агIо хьахо луур ду, тесна, шех Iосалла а къахкийна, Делан бакъ некъа тIехь лаьттачунна, ца хьехийча а, гуш и елахь а.
Совдат аттана тIахьайоьдучу цу дийнахь вай дохорг хилар цхьанна а дагахь дац, хабарш-м ду. Оцу хабарех дерг а хоттуш, юург а эцна, Кераме хьажа дахана сой, тхан наний цIахь дац. Ненан шича вара Керам тхан, чохь висина, меттахь, чу-ара вийлар кIезиг долуш, декъехь а вара и. Бакъ-м ца дора и цхьаболчара. ХIетахь а ца дора, хIинца а… Со дийна стаг ву-кха, хIинца шуьца санна Iаш. Кераман тхайн ненаца деана и къамел хезна.
– Найпаз, – элира цо. – ЦIе ю вайна гонаха яьлла тIейогIуш. Цу цIергахь хьийзаш, настарш хьала а йина, Кишин воI ву. Чехка цIа а гIой, шайн берашна – итт-цхьайтта бер дара тхан – хьакъикъат дайта, шайн йолу кIадинах хIума, вовшахтохий, шад а бе, некъана цу а кечбе.
Хьакъикъат дан тхо ца даьхьира, салтий дукха бара. Ткъа кIадинах шад бира. Цу буссехьа, хьаьжкIаш кхаьрзина, цу а баьккхира, и цу-гали ас Моцкъарара дIа лакха тIехула Iуьллучу новкъа кхаа дийнахь-кхаа бусий гехь Алкуне деара.
– ДIакхоссийтахьа, – ас аьлча.
– Ма кхоссахьа, Хасмохьмад, дIакхочур ду вай, – тхан нанас а бохуш.
Алкунера машенашца Сипсо-ГIала дIа а дигина, шалонаш тIе а доьттина, и беха некъ эцна тхо дIаоьхуш дукха наха рицкъа ийцира оцу цух, буйнахь схьа а ийбеш, тIе мотт Iуьттуш. И рицкъа тоьуш дара мацалла Iехо. Хаа цатуьгург кхин дара. ЮьхьIаьржонан мохь бара и, шен орамах хадаран, эхьан мохь бара. Цу новкъа айъелла сийсазлонаш йоьлхура, бехк бу-бац ца хоьттуш, стаг аьшнашвар, талораш, къизалла. ДIо схьадуьхьал хIуьттуш Керам а Iара, тIаьххьара суна ма-гарра, тхо чудевлча а, ша и къамел схьадеш а, юха тхо дIа арадовлуш а, хийцам боцуш, иштта техка а техкаш, Адам кху иэхь-бехках дохарна юьхьIаьржахIоьттинчуха. Дохарх дукха кхийлина дара и иэхь-бехк Дала шен къайленех къайле а елла, цу къайленан билггал долу дакъа нахе дIакхачор тIе а диллина, вайн чохь хьийзинчу декъан декъахоша. Далхийнера и хIокхо а…
Ши шо хьалха ду и. Со, нехчанан бIелиг, сискалан дакъий эцна, же ваха кечвелла ву. ДIора схьа мохь туьйхира: «Керам дIаваьлла», – аьлла. Малх схьакхетта балале, Керам денвелла аьлла, шолгIа а хаам хилира. Гириха ву тхо долчу чохь. Цига ваха шай, тхан дай чуьра араволуш: «Веллачуьра денвелла Керам шайх вала там бара», – элира цо. Дош ца дира и тхан дас. «ДIавала, – велавелира иза. – ХьацIмин Керамах волу шайх, шайх муха волу цунах?» Вахана хьала кхаьчча? «Джаби, хьо дукхавезаш вара со, – аьллера цуьнга Керама. – Гена кхийдаш ву хьо, Джаби. Гена ма кхийда…»
Эццахь санна юьхьIаьржахIоьттина вацара ша бохуш, и эхь шеца коша даьхьира тхан дас. ЮьхьIаьржа и юьхьIаьржо тIехIоттале хила дезара адам, вовшашна, Далла хьалха. Ца хилча, ша и юьхьIаьржо а санна, бохам кога кIел бу…
Адам лаьтта сан бIаьра хьалха, цигга лелла и сурт а, дIо юьххьехь сан хьахаделла. Бадам, станце, тхаьш диссийна. Адам кхойкхуш ду вовшашка, Деле. Доьдуш зикар а ду. Доьлхуш, доьлхуш. Доьлхуш. Доьлуш. Велар хIун ду? Велхаро велош ву, вела дог долуш воьлуш вац цхьа а, велхаро велош ву… ДIа тIехволуш цхьана къонахчун тидам хуьлу, тхол хьалха дIабигинчу нахах. Юьстахо Iа и, голаш тIе а лахвелла, белхар а тесна, велар а хьакха ца луш. И-м ларош вац велха, я вела а, коьрта тIера охьа, гIарссинехь, мIараш а хьоькхуш, куьйгаш хьоьккхучохь висина – Деллахь, бакъ ма ду и, цо охьахьоькхучу мезашна юьхь гуш ма яцара цуьнан. Цхьамма а тергал веш вац, тергал муха во, шайна а дан хIума доцчу меттехь…
Дуьне ду-кха… ДIа лела-м до адамо хIуманаш, кхин тIаьхьало а йоццушехь кхуьнан. Кху дуьненан. Изза бен – белхарехь лела велар.
Доьлхуш, доьлхуш.
Логехь белхаран къурд керчарна, ца делха.
Кхин башха а вац – шен хIума тоделла аьлла хетта, мIакваьлларг а, сискалца чай цхьаьна ца догIу дIо и пекъар а…
Яхъяев Хьасамби

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля