Олимпийски ловзаршкахь толамхо

 

Хууш ма-хиллара, кху баттахь Францехь д1адаьхьинчу Олимпийски ловзаршкахь вайн махкахо, къоман ваша Жамалов Разамбек толамхо ваьлла. И толам доккха совг1ат ду нохчийн дерриге а къомана.

Бакъду, Россин байракх йацара цо айинарг. Дуьненайукъара Олимпийски комитето бакъо йелла йацара Россера цхьа а спортхо цига ваийтина. Политически хьолаш хьалхадетташ лелийна г1уллакх дара иза. Делахь а, толам баккха жимма а аьтто болуш болу спортхой кхечу пачхьалкхийн ц1арах бахана бара.
Ишттачарах цхьаъ вара Разамбек. Цигахь иза Узбекистан пачхьалкхера спортхошца цхьана вара. Шена дуьхьала нисбеллачаьрца долу латарш дерриге а дика д1адаьхьира толамхочо. Коьртачу латарехь Разамбекана дуьхьала нисвелира, х1умма а ледара воцуш, Япони пачхьалкхера парг1ат вахьтохархо. Йиъ балл хьалха воллушехь, шена дуьхьала леташ верг белшаш т1е вахьатуьйхира Жамаловс. Йерриге а турнирехь уггар а хаза латар ду ала мегар дара иза.
Толам баьккхинчул т1аьхьа Разамбека элира, ша и толам Узбекистанера бахархошна лерина аьлла.
Дагадоуьйту, Жамалов Разамбека шен толам 74 кг йолчу йозаллин категорехь баьккхина.
Билгалдаккха деза, 1996- чу шарахь дуьйна, х1ара йалхалг1а Олимпиада йу вайн къоман вежарша дашо мидалш йохуш йолу. Йог1учу ханна, вайн лаам бу, кхин а сов бовлийла вайн къомах болу толамхой ишттачу ловзаршкахь а, бисинчу дуьненайукъара къовсамашкахь а.

Редакцин кхолламан белхахойн ц1арах а, иштта, и беркате г1уллакх хазахетаран кхаъ мел хиллачеран а ц1арах, даггара декъалво Олимпийски ловзарийн толамхо – Жамалов Разамбек!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля