Дагестанан коьрта Закон

 

Бакъдолуш, Конституци вайн регионан коьрта кехат (документ) ду. Иза т1еэцна рог1ера шо дузуш ду кхана. Цунна лерина дуккха мероприятеш йу вайн махкахь д1айахьа лерина.
Ларамза дац иза т1е эцна терахь даздаран хьолехь д1адахьар. Х1унда аьлча, цуьнца доьзна ду республикехь низам латтор. Йерриге а г1аланашкахь, к1ошташкахь а шуьйра билгалдоккху иза меттигерачу 1едалан белхалоша а, йукъараллин организацеша а.
Хууш ма-хиллара, Дагестанехь дуккха а къаьмнаш ду дехаш. Иза вайн цхьааллин коьрта гайтам бу. Историн йеххачу ханна беркате йукъаметтиг йолуш схадог1уш ду уьш дерриге а. Иза бу вайн бахам а, иза ду вайн дозалла а.
Конституцица нийса а дог1уш, массо а къаьмнийн цхьатерра бакъонаш йу. Цундела, кху денна лерина даздарш хуьлу Дагестанан массо а г1аланашкахь а, к1ошташкахь а. Цигахь, дукха хьолахь, меттигерчу 1едалан векалша а, Оьздаллин ц1ийнан белхалоша а, муниципалитетийн куьйгалхоша а, иштта йукъараллин организацеша а, бахархоша а дакъа лоцу. Патриотически а, Даймахках а лаьцна байташ йоьшу, Россин а, Дагестанан а гимнаш олуьйтуш, халкъийн оьздаллаш а, 1адаташ а, ламасташ а довзуьйтуш, шуьйра билгалдо и де.
Шеко йоцуш, вайн республика 1алаш йар вайн декхар ду. Маггане а мегар дац йукъара хьал талхош зулам даржийта. Чеккхе чолхе йолу белхаш бухатоха беза массара а. Тахана вайн карахь ду и. Ткъа уггар а коьртаниг — къаьмнийн цхьабарт цаталхийтар ду.
Дагадоуьйту 1994-чу шеран мангалан 26-чохь т1еийцира Дагестана дуьххьрлера Конституци. Советан 1едал а доьхна, сихонца хийцалуш долучу йукъараллин а, политически а хьолаш бахьана долуш, вайн республикехь а дийзира т1еэца керла кехат. 1995-чу шарахь региональни куьйгалло билгалдира, йог1учу ханна мангалан 26-г1а де х1ора шарахь даздаран хьолехь д1ахьур ду аьлла. Кху шарахь 30 шо кхучуш ду цуьнан. Бакъду, 2003 шарахь керла Конституци т1еэца дийзира. Иза дара социальни а, политически а, йукъараллин а хьелаш хийцадаларан бахьанца лелийна.
Ткъа даздаран де, ша хьалха ма-хиллара, мангалан 26-г1аниг ду.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля