Цхьа а шеко йоцуш, бусулбанийн уггар а лакхарчу бараме даьккхина даздаран де — Г1урбан де ду. Т1едог1учу к1ирандийнахь хуьлуш ду иза х1окху шарахь. Цул совнаха, карара хан деза мархийн денош а ду.
1еламнаха довзийтина вайна, шена т1ера г1урбанна хьайбанна урс хьакха луучунна «зуль-хьидджа» беттан хьалхара итт дийнахь суннат ду шен дегIа тIера цхьа а мас, йа мIара а цахадор. Г1урбана лерина хьехамашкахь сих-сиха билгалдоккху, х1окху итт дийнахь йинариг санна, АллахIана дукха йезаш кхин Iамал йац бохуш. Иза, Шена Iибадат деш долчу денойн йукъахь АллахIана хIара итт де уггар а дукха дезаш долу дела ду.
Х1окху деношкахь уггаре а коьрта Iамалаш – джама1атехь ламаз д1ах1оттор а, мелана марханаш кхабар а ,саг1анашкахь сов валар а ду. Иштта, кху беттан хьалхарчу итт дийнахь дуккха а Дела хьехавар дика ду. Бакъду, мархийн баттахь дисина перз марха делахь, иза доькхуш кхабар дика ду кху хенан чохь.
Хууш ма-хиллара, т1едог1уш долу шот де Iарафат де ду. Оцу дийнахь берриге хьажой «Iарафат» ц1е йолчу лома-арахь гулло. Цигахь цара дуккха а доIанаш до. Ц1ахь а волуш, цамгаран бала хьоьгуш а воцуш волучунна дика ду къасттина шот дийнахь марха кхабар, хIунда аьлча, ишттачуьнна дIадаханачу шарахь летийначу къиношна а, тIе догIучу шарахь летор долучу къиношна а Дала гечдо.
Ткъа к1иран де гIурбан Iийда нисло. Цу дийнахь марха кхабар хьарам дина. Г1урба ч1аг1дина суннат ду. Цундела, цхьак1еззига хилла а, аьтто белахь, хьайбанна урс хьакха деза. И г1уллакх кхочуш дан мегар ду шен тароне хьаьжжина. Урс хьакха билгалйаьккхина хан – Iийд-дийнахь ламаз дийчахьана дуьйна, цул тIаьхьадогIу кхоъ де. Ша хьакхар дика а, деза а ду. Амма хьакха ца лахь, кхечуьнга хьокхуьйтуш, хьажа веза. Хьайба дийначулла тIаьхьа, шена кIеззиг дакъа а дитина, дукхах дерг сагIийна дIадалар дика ду. Билгала даккха лаьа, оцу хьайбанан цхьа а дакъа ахчанах дохка мегар дац.
Уггар а коьртаниг, хьайбана урс хьокхуш делахь йа дацахь, марха кхаба могашалла йелахь, йа некъахь нисвеллехь, цхьа а бен д1а доцуш, дерриге а вовшашна къинтIера девлла хила деза. Дагчохь хьагI-гамо хила мегар дац. Лараме вежарий, йижарий! Дала декъала дойла вай дерриге х1окху 1ийданца, Дала Ша реза воллучу кепара Iамал йан ницкъ а, ийман а лойла вайна массарна а.
БАЙМУРАДОВ Мовсар