Пачхьалкх Iалашйан а, кхио а …

 

Селхана вайн махкахь билгалдаьккхина Россин де. Х1ора шарахь кху беттан 12-чохь даздеш ду иза, х1унда аьлча, иза Пачхьалкхан т1ег1анехь даздаран де ду. 1990-чу шарахь РСФСР-н Халкъан депутататийн дуьххьарлера Кхеташонехь т1еэцна Деклараци Росси пачхьалкх цхьаннех а йозуш йоцуш йу, аьлла. Циггахь билгалдира, йерриге а пачхьалкхехь коьрта Закон – иза Конституци йу аьлла.
Даздаран хьолехь х1ара де билгалдаккха долийна 1992-чу шарахь дуьйна. Ткъа пачхьалкхан т1ег1анехь — 1994-чу шарахь дуьйна. Бакъду, 2002-чу шарахь тахана йевзаш йолу ц1е тиллина кху даздаран денна.
Асаран 12-г1а 1едалан балхахь болучеран сада1аран де ду. Массо а регионашкахь кху денна лерина мероприятеш д1ахьо. Ткъа царах коьртаниш Москохарчу Ц1ен майданахь хуьлу. Кхузахь концерташ а, фестивалаш а йохку, тайп-тайпана конкурсаш хуьлу, иштта, чаккхенехь салюташ хьала йохуьйту.
Кхин а цхьа 1адат ду кху даздаран дийна шуьйра лелош – меттигерчу 1едалан белхалой бог1у кхуза. Мог1аре бахархошца цхьанакхеташ, шайн белхаш бовзуьйтуш, цхьана суьрташ дохуш, д1ахьо цара и де. Бакъду, т1аьххьарчу шерашкахь ишттачу мероприятешкахь сих-сиха го СВО-н декъашхой а, церан доьзалаш а. Шайна хуург дуьйцуш цара довзуьйту, т1еман лерринчу операцин хьокъехь. Ишттачу цхьанакхетаршкахь цара дийцаре до – мохк а, халкъ а, дин а, оьздаллин мехаллаш а 1алашйар ду шайн декхар, бохуш. Дагадоуьйту, массо а т1ег1анашкара 1едало лаккхарчу барамехь терго йеш йу церан.
Хьоме махкахой! Иштта денойх лаьцна бакъдериг т1екхуьучу чкъоре довзийта деза вай. Иза вайн массеран истори йу. Хиллариг ца хуучо хиндолчунна кечам ца бо олуш ду. Х1уъу хьал т1ех1оттарах, кегийрхой кийча хила беза йурт, г1ала,регион, пачхьалкх 1алашйан. Цундела бу оцу г1уллакхана 1едало лаккхарчу барамехь тидам т1ебохуьйтуш.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля