РогIаллин терахьдешнаш нохчийн маттахь масаллин терахьдешнех кхоллалуш ду -лгIа, -алгIа суффиксийн гIоьнца. Масала: шо-лгIа, кхо-ъалгIа.
РогIаллин терахьдош хьалхара цаI терахьдашах ца кхоллалуш, хьалха бохучу куцдашах кхоллалуш ду.
ХIоттаме рогIаллин терахьдешнаш кхоллалуш, рогIаллин терахьдешан форма тIаьххьарчун бен ца хуьлу: эзар пхи бIе дезткъе доьалгIа, кхо бIе ткъе пхоьалгIа.
РогIаллин терахьдешнаш а лааме а, лаамаза а хуьлу: шайца уьйр йолу цIердош цаьрца хилахь, рогIаллин терахьдешнаш лаамаза ду (кхоалгIа Iа, шолгIа класс), ткъа шайца уьйр йолу цIердош а доцуш, -ниг суффиксан гIоьнца кхолладелла рогIаллин терахьдешнаш лааме ду (кхоалгIа-ниг, пхоьалгIа-ниг).
РогIаллин терахьдешнийн легадалар, мухаллин билгалдешнийн санна, ду. Уьш санна, рогIаллин терахьдешнаш а шина тайпана легадалар долуш ду — лааме а, лаамаза а.
ЦI. уьтталгIа шо уьтталгIа-ниг
Дл. уьтталгIа-чу шеран уьтталгIа-чу-н
Л. уьтталгIа-чу шарна уьтталгIа-чу-нна
Д. уьтталгIа-чу шаруō уьтталгIа-чуō
К. уьтталгIа-чу шарца уьтталгIа-чуь-нца
М. уьтталгIа-чу шариē уьтталгIа-чуьнга
X. уьтталгIа-чу шарах уьтталгIа-чух
Дс.уьтталгIа-чу шарал уьтталгIа-чул
Лаамазчу рогIаллин терахьдешнийн массо а лач дожарехь -чу чаккхе а йолуш лард лела, ткъа лаамечу формин лач дожаршкахь дожарийн чаккхенашна хьалха -чу хIутту. Гуш ма-дарра, рогIаллин терахьдешнийн лаамазчу формин легаялар шина лардаца хуьлу: хьалхара лард — цIерниг дожаран лард; шолгIа лард — лач дожарийн лард.
Гулдаран терахьдешнаш
Гулдаран терахьдешнаш ду ший а, кхоь а, иттиē а иштта дIа кхин а. Амма билгалдаккха дезаш ду, шайн морфологически билгалонаш а йолуш, гулдаран терахьдешнаш цахилар. Цу терахьдешнийн маьIна масаллин терахьдошший, а xуттурггий цхьаьнакхетарца билгалдоккху нохчийн маттахь. Гулдаларан терахьдешнийн маьIна билгалдаккха йиш яц ткъа, бIе, эзар бохучу терахьдешнех.
Гулдаран терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хила йиш ю: цIердашца уьйр йолуш долу гулдаран терахьдешнаш лаамаза ду, ткъа цIердашца уьйр а йоцуш, ша лелаш долу гулдаран терахьдош лааме ду. Масала: ший а — ший а стаг, ялххе а -ялххе а цIа.
Шайн формица лааме а, лаамаза а гулдаран терахьдешнаш къаьсташ дац. Лааме а, лаамаза а хиларе терра, гулдаран терахьдешнийн лааме а, лаамаза а легадаларан кепаш ю. Лааме форма, цIердешнаш санна, дожарийн флексеш тIекхетарца легало, ткъа лаамазчу формин цIерниг дожаран лард а, лач дожарийн лард а хуьлу.
Вайна ма-гарра, гулдаран терахьдешнийн лаамечу а, лаамазчу а формийн лач дожарш масаллин терахьдешнийн дожарийн форманашца нислуш ду, амма гулдаран терахьдешнийн дожарийн форманашна тIехьа хуттург а лела.
Эцаран терахьдешнаш
Эцаран терахьдешнаша мосазза? бохучу хаттарна жоп а ло, -зза, -азза суффиксийн гIоьнца муьлххачу а масаллин терахьдашах кхолладала йиш а ю уьш. Масала: кхоъ — кху-зза, бархI — бархI-азза. Амма масаллин терахьдашах — цаI — ша-тайпа кхоллало эцаран терахьдешан форма. Масала: цаI -цкъа.
Эцаран терахьдешнех ша-тайпа рогIаллин форма а кхоллало: шозлагIа, пхоьазлагIа. Амма цу кепара долчу рогIаллин терахьдешнийн кхин маьIна ду. Масала: ШозлагIа эли-кх ас хьоьга и. Уьш эцаран терахьдешнийн форми тIе -лагIа суффикс кхетарца кхоллалуш ду. Царах эцаран-рогIаллин терахьдешнаш аьлча, нийса хир ду. Эцаран терахьдешнех кхоллаелла рогIаллин форма синтаксически а къаьсташ ю масал¬лин терахьдешнех кхоллаеллачу рогIаллин формех. Масала, эцаран терахьдешнийн рогIаллин форма хандешнашца я хандешнийн форманашца уьйр йолуш хуьлу, ткъа масаллин те¬рахьдешнех кхоллаелла рогIаллин форма хIуманан цIарца уьйр йолуш, рогIалла хуьлу. Дуста: ШозлагIа йийшира ас и книга. ШолгIа шо чекхделира.
Декъаран терахьдешнаш
Декъаран терахьдешнаш а муьлххачу а масаллин терахьдашах кхолладала йиш ю. Масала: цаI — цхьацца, шиъ -шишша, кхоъ — кхоккха, диъ — диъ-диъ, пхиъ — пхиппа, ялх -ялх-ялх, итт — итт-итт. Декъаран терахьдешнаш кхолладаларан коьрта некъ — терахьдешан лард шалха ялар бу: ворхI-ворхI, исс-исс.
ХIоттамечу терахьдешнех декъаран форма кхоллалуш шалха долуш дерг тIаьххьара дакъа ду: ткъе итт-итт, бIе шовзткъе исс-исс.
Кхузткъа, шовзткъа, дезткъа бохучу терахьдешнех декъаран форма кхоллалуш шалха долу хьалхара диллина дешдакъа. Масала: шо-шовзткъа, кху-кхузткъа, де-дезткъа.
Ша-тайпа кхоллало эцаран терахьдешнаш хьалхарчу кхаа терахьдешнех а, пхиъ, ткъа бохучу терахьдешнех а. Масала: цхьацца, шишша, кхоккха, пхиппа, ткъатткъа. Цу терахьдешнийн декъадаран кеп кхоллалуш, шолгIачу лардан юьхь мелла-а цхьалхе йолу, амма юьхьаьнцара мукъаза аз шалха долу: пхи-ппа, ши-шша, кхо-ккха, ткъа-тткъа.
Декъадаран терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу: кхоккха стаг — кхоккха.
Декъаран терахьдешнийн лааме а, лаамаза а форманаш къаьсташ яц: кхоккха стаг — кхоккха, цхьацца къолам -цхьацца, шишша шо — шишша, итт-итт га — итт-итт.
Нохчийн маттахь декъаран терахьдешнийн лааме форма шина лардаца легалуш ю: хьалхара лард — цIерниг дожаран лард; шолгIа лард — доланиг дожаран лард. Декъаран терахьдешнийн лаамазчу формин шен легаяларан кеп яц, аьлча а, декъаран терахьдешан лаамаза форма дожарца хийца ца ло, хийцалуш дерг цуьнца уьйр йолу дош ду.
ХIоттамечу терахьдешнех кхоллаелла декъаран форма дожаршца хийцалуш, дожарийн флексеш шалха долуш долчу тIаьххьарчу декъа тIе бен ца кхета.
Билгалза-масаллин
терахьдешнаш
Билгалза-масаллин терахьдешнаша масалла юьззина билгал ца йо. Уьш кхоллало хьалха-тIаьхьа догIучу масаллин терахьдешнийн цхьаьнакхетарх.
Масала: цхьа-шиъ, ши-кхоъ, кхо-диъ, диъ-пхиъ, пхиъ-ялх, ялх-вopxI, ворхI-бархI, бархI-ucc, исс-итт, итт-цхьайтта.
Билгалза-масаллин терахьдешнаш кхолладаларехь дакъа лоцу цхьалхечу а, чолхечу а терахьдешнаша. Билгалза-масаллин терахьдешнаш кхоллалуш, масаллин терахьдешнийн цхьаьнакхетар кху кепара хуьлу:
1. Цхьанна тIера пхиъ юкъа лоцуш (диъ юккъера долу) долчу терахьдешнийн лаамаза форма шена тIехьа догIучу терахьдешан лаамечу формица цхьаьнакхетарца (масалшка лакхахь хьажа; цхьа-шиъ, ши-кхоъ, кхо-диъ, пхи-ялх, амма: диъ-пхиъ).
2. Ялханна тIера итт юккъелоцуш долчу терахьдешнех тIаьхьа-хьалха догIуш долу ши терахьдош цхьаьнакхетарца.
Масала: ворхI-бархI, исс-итт.
3. Цхьайттанна тIера берхIиттанна тIе кхаччалц долчу чолхе терахьдешнех тIаьхьа-хьалха догIуш долу ши терахьдош цхьаьнакхетарца. Масала: цхьайтта-шийтта. Амма цхьалхе терахьдош итт а, чолхе терахьдош цхьайтта а цхьаьнакхетарца а кхоллало билгалза-масаллин терахьдош: итт-цхьайтта.
4. Терахьдешнийн шовзткъа, кхузткъа, дезткъа цхьаьнакхетарца: шовзткъа-кхузткъа, кхузткъа-дезткъа. Кхузахь гуш ма-хиллара, билгалза-масаллин терахьдешнаш кхуллуш, тIаьхьа-хьалха догIурш дуьззина ткъаннаш ду.
Вай лакхахь билгалдаьхна билгалза-масаллин терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хила йиш ю. Лаамазчу формица цIердош лела. Билгалза-масаллин терахьдешнийн лааме а, лаамаза а форма хIумма а къаьсташ яц шаьш схьадевллачу масаллин терахьдешнийн лаамечу а, лаамазчу а формех: цхьа-шиъ (цхьа-ши стаг), ши-кхоъ (ши-кхо стаг), ялх-ворхI (ялх-ворхI шо).
Масаллин терахьдешнийн а санна, билгалза-масаллин терахьдешнаш а лааме а, лаамаза а легадалар долуш ду. Церан легадалар а масаллин терахьдешнийн легадаларца догIуш ду (коьрта хийцамаш шолгIачу терахьдешан хуьлу).
Вай билгалдаьхначу билгалза-масаллин терахьдешнел сов кхин шиъ билгалза-масаллин терахьдош ду нохчийн маттахь шайн формица а, лаамаза форма шайн цахиларца а къаьсташ: иттех, ткъех. И терахьдешнаш дожаршца хийцалуш дац. Дожаршца уьш хийцалуш цахиларо тоьшалла до, и ши терахьдош шайн формица мелла а фонетически хийцамаш хилла хотталург дожаран форма хиларна.
Терахьдешнийн морфологически башхаллаш а, церан синтаксически г1уллакх а.
Нохчийн меттан терахьдешнаш, шайн маьIнийн билгалонашца кьаьстина ца Iаш, шайн грамматически башхаллашца а къаьста кхидолчу къамелан дакъойх. И грамматически башхаллаш нахски меттанийн грамматически хIоттаман кхиарца йоьзна ю.
Терахьдешнийн грамматически башхаллаш морфологехь а, синтаксисехь а билгалйовлу, цул сов, морфологически а, синтаксически а башхаллаш вовшашца йоьзна а ю.
ЦIердешнийн а, билгалдешнийн а йолу грамматически классийн а, терахьийн а категореш а яц нохчийн меттан терахьдешнийн. Терахьдешнийн терахьан категори цахиларца доьзна хир ду, схьахетарехь, терахьдешнашца цхьаьна долу цIердош цхьаллин терахьехь хIоттор а.
Терахьдош диъ а, иза юккъехь долу чолхе а (дейтта, дезткъа), хIоттаме а (бIе дезткъа) терахьдешнаш дIадевлча, кхидолчу терахьдешнийн классан категори яц. Нохчийн меттан терахьдош муьлххачу а цIердашца лела тарло, цхьана а кепара классехь цу цIердашца барт а ца беш.
Нохчийн меттан терахьдешнаша билгалдешнашца цхьаьнакхетар ца кхуллу, кхечу кепара аьлча, терахьдешан билгало гойтуш дош хила йиш яц, хIунда аьлча, кхечу къамелан дакъошца терахьдош цхьаьнакхеташ, терахьдош ша хуьлу къастаман маьIнехь.
Грамматически классийн категори цахилар а, билгалдашца цхьаьнакхетар кхолла таро цахилар а ю терахьдешнаш масаллин цIердешнех къастош йолу башхаллаш. Масала: шинара (ду) — шинарш (ду) IV класс; цIен шинара.
Предложенехь подлежащи а, нийса кхачам а, лач кхачам а, латтам а хуьлий лела терахьдешнийн лааме форманаш.
BopxI вара новкъахула вогIуш. BopxI класс чекхъяьккхира цо. ШолгIачуьнца уьйр дика еара цуьнан. Шозза элира цо, иза массарна а хазийта.
А. Х. Абубакаровн лекцийн йукъара дакъа