Россин президентан Владимир Путинан рог1ера Послани

 

Селхана, 29 –чу февралехь, дерриге дуьне дара Россин президентан рог1ерчу Посланега леррина ладоьг1уш. Владимир Путина 2 сахьтехь йалх минотехь динчу къамелан жам1аш деш комментареш йу массо а пачхьалкхийн информационни г1ирсашкахь.
Россехь доцуш дозанал арахьара политикаш, эксперташ бу шайна хеташ дерг олуш, довзуьйтуш, Посланех дерг дийцаре деш.
Коьртаниг — дуккха къаьмнаш дехаш йолу Россехь – массарна машар безар, кхечу махкашца, церан халкъашца барт хилар ду, Владимир Путина д1акхайкхинарг.
Тахана Украинехь д1айоьдучу СВО-хь доьналла, майралла гойтуш шайн декхарш кхочуш деш бохку Россин х1ора маь1нашкара т1емалой. Царашлахь массо къаьмнийн векалш а бу. Т1еман орденшца, медалшца совг1ат динарш а бу цаьрна юкъахь. И кхин цкъа а кхоччуш тоьшалла ду – Россин халкъо цунан куьйгаллин политика къобалйеш т1еоьцуш хиларан.
Х1ора регионаша инзаре доккха дакъа лоцуш ду шайн т1емалошна кхоччуш г1одарехьа. Цаьрна даггара баркалла , аьлла а ву В.Путин.
Адамийн 1ер – дахаран сурт, могшалла 1алашйар, г1ишлош, х1усамаш карлайахар – иза ду коьртачехь лоруш вайн правительствос, билгалдаьккхира Россин куьгалхочо.
Т1екхуьуш долу ч1къор кхетош-кхиорехь болу болх тесса буьтуш ца хилар а хьахийра Президента. Цаьрна дешарца, балхаца кхоччуш аьттонаш бан безар правительствон г1уллакх ду аьлла кхин цкъа а ч1аг1дира Владимир Путина.
Дуккха бераш долчу доьзалшна аьттонаш алсама хилийтархьама правительствос т1еэцна цхьа могг1а проекташ хилар а хаийтира Президента.
Дина г1улкхаш дийцаре динчул т1аьхьа В.Путина правительствона, ведомствошна хьалха цхьа могг1а дан дезарш билгалдехира, х1унда аьлча, пачхьалкхан коьрта 1алашо, лазам х1ора адамах, къомах – дог лазар хиларна. Цуьнах нийса кхетар ч1аг1деш шен хетарг а довзийтира.
Х1инца цхьа барт а болуш Президента т1едихкина декхарш даггара кхочушдар – правительствон коьрта 1алашо лору ас. Цу балхах 1едалан чиновникаш нийса кхетаро – керла кхиамаш а кхуллур бу, массо Россин бахархойн дахаран сурт дикачу т1ег1ане а дер ду, бохчух тешна ву со.

Якиев 1умар, «Нийсо» газетан коьрта редактор