ХЬОМЕ, МАХКАХОЙ!

Таханлерчу дийнахь, дерриге дуьненахь, вуно чолхе хьал ду кхолладелла лаьтташ. Цундела сихо ца оьшу вайна! Коьртаниг собар, вовшен сий – т1алам бар, вовшех кхеташ хилар ду – уггаре а коьртаниг.
Вайн халкъалахь олуш ду-кх, сиха дахана хи х1оьрде ца кхаьчна, олий. Палестинехь денна дойъуш цхьа бехк боцу адамаш ду: бераш, зударий, бакхий нах. Къизалла йу цигахь лаьтташ йерг. Т1амо цкъа а к1ентий кхиоц, цо уьш бойъу, х1аллак а бо.
Россин президента В.Путина, вайн республикан куьгалхочо С.Меликовс д1ахьедина, ма – хиллара, тахана дукха къаьмнаш дехачу Россехь а, Дагестанехь а оьшуш берг барт бу!
Иза ца хилахь, юкъара хьал мелхо а чолхечу т1ег1ане дала кхерам бу. Дуьненахь машар, барт хилар ца дезаш вуно а дукха экстремиски ойланаш йолуш организацеш йу. Цара бохург чекх ца далийта вайн коьрта 1алашо – вовшашлахь болу барт 1алаш бар ду! Т1аккха вайн 1ер – дахар, доьзалхой кхиор машаре хир ду!
Дала диканиг дойла, т1аьхе беркате а хуьлийтийла!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля