Само йеш хила деза вай!

Дег1аста, хууш ма-хиллара, Къилбаседа Кавказехь доцуш, йерриг Россехь а дуккха къаьмнаш дехаш йолу регион йу. Цуьнца  доьзна ду тахана вайн иахкахь юкъараллин–политически  хьал чолхечу даьлла долчу кху муьрехь нахана, къаьмнашна юккъехь дар–дацарш нисдалар. Барт болуш ворхх1е дайшкара дуьйна цхьаьна вон–дика луьстуш схьадог1уш долчу къаьмнийн юккъера хьал кегоре дерзон г1ерташ провокаторш гучбийлар а.Маггане а мегар дац царна ка д1айалар. Историн бакъдерш вайн девзаш а, гуш а ма дай. Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн юккъехь даимна хилла вовшашца лерам, ларам, сий–т1алам а, мостаг1 миччанхьара хилча а, и мел онда хиларах а вовшен 1алашдеш. Мохк ларбеш схьадог1уш ду вайн регионера  халкъаш.Шен майраллийца, доьналлийца, г1иллакхца, яьхьца, оздангаллийца билгалдевлла Дагестанера къаьмнаш а.  Вайна ца хуург дац, 1941–1945–чу,  уггаре къиза а, буьрса а т1ом болчу шерашкахь  вайн махкара векалша гайтина майралла.  Нурадилов Ханпашас, Бибулатов Ирбайхана а (Советски Союзан Турпалхой) шаьш, шайнн ц1ий а ца кхоош бина т1ом массо къаьмнашна масала эца тоьуш бу.
Бакъдолуш, тахана информационни г1ирсашкахь (зорбанийн, радио, телевидени) беш болу болх а х1аллакбеш, соцсеташкахь чу туьйсуш йолу бух боцучу фейкаша юкъараллин хьал мелхо а чолхечу т1ег1ане доккху.
Цундела, хьоме махкахой, само йан йеза вай! Къаьсттина, ишколехь, техникумшкахь, институташкахь доьшуш болу кегийрхой 1алашбан беза.
Шеко йац, Россехь хилла ца 1аш, дерриг дуьненчохь а ду г1оьртина хьал. Президенто шен Указаца цундела мобилизаци йан йезаш хилар ч1аг1дина. Берриш бац Эскаре кхойкхуш, д1абуьгуш. Билгалйина категореш йу Указана юкъайог1уш.
Шен лаамехь боьлхурш а бу Эскаре. Дала 1алашбойла уьш а, берриш а! Т1еман комиссариаташа кхоччуш информаци а йу луш цу хьокъехь. 
Вайн республикехь, кху т1аьххьарчу ткъе иттех шарахь, хийла хала киртигаш т1ех1иттарх, барт болуш, мохк ларбеш хьадаьхкина регионера къаьмнаш. Ополченцаш бу аса буьйцуш берш. Церан кхоччуш зеделларг а ду,  цаьргахь доьналла а ду. Уьш тахана а хьалхарчу мог1аршкахь хила беза.
Президента шен Указаца цаьрна х1оранна а т1еман ветеранийн статус а йелла. Тахана цкъа а ца хиллачу кепара барт хила безаш бу Россин массо къаьмнийн юккъехь. Барт болчуьнгахь толам а хир бу.
Вайн къаьмнаш цкъа а ца хилла дов, т1ом безаш. Тахана а и цхьанна оьшуш а бац, х1етте кхолладелла долу хьал иштта чолхе хиларна, вай массо сама хила дезаш ду! Т1аккха вайн барт а хир бу, вовшашца лерам, ларам а хир бу. Толам а вайгахь хир бу. Даламукълахь!  Делан дикане дог дохуш хир ду вай! Цо шен къинхетамах ма дохийла вай цкъа а!
Iабдулнесаран  Iумар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля