Кху деношкахь дерриге а дуьненахь даздеш ду «Ненан меттан де». Иза йукъадаьккхина 1999 шеран ноябрехь ЮНЕСКОн Геренарьлни конференцин 30-г1а сессин сацамца. Оцу хенахь дуьйна, и де даздан лерина х1ора шарахь февралан 21-чохь. 

Тахана, ЮНЕСКОн жам1ашца, дуьненахь дехаш дерриге ялх эзар ца кхоччуш къаьмнаш ду. Церан х1оранна а шайн мотт а бу. Делахь, лакхахь хьахийначу организацис кхерам тосу, йог1учу ханна лар йоцуш д1адовла тарлуш нисса ах къаьмнийн меттанаш ду олий, шайна йукъахь вайн махакара цхьа б1е сов мотт а болуш. Уггаре халахетариг – иза нохчийн мотт  а бовр бу олу цара. Ткъа шиъ миллион гергга наха буьйцуш болу мотт иштта атта д1абала йиш йуй-те? Стенна т1етевжина уьш шайн жам1ашкахь? Мухха делахь а, т1аьхьарчу шерашкахь,  боккъала бакъ долуш, оьрсийн мотт буьйцурш дукха хуьлуш бу нохчашна йукъахь. Иза бийцарх-м вуо дацара, делахь, ненан мотт бийцар лахлой-те вайн! 
Довзийта лаьа, иштта хьал ду вайн республикехь дехачу массо а къаьмнийн. Цундела, мотт д1а ца балийта а, мотт дебийта а, т1екхуьучу чкъоранна мотт 1амор коьрта декхар хилийта а 1алашо йолуш д1ахьош дуккха а программаш йу. Царах цхьаъ – Дагестанан массо а ишколашкара 11-г1а классийн дешархошна йукъакхь байташ йоьшуш къовсамаш д1абахьар йу. Кху шарахь иза  кхаа декъе бийкъина бара. Дуьххьара къийсамаш шайн дешаран туьшашкахь д1абаьхьира. Царах хьалхара меттигаш баьхнарш муниципальни т1ег1анехь къовсабелира. Хасавюртовски к1оштарчу образованин управленес д1абаьхьначу балхаца, ненан маттахь уггаре хаза байт йоьшуш берш къастийна. Церан раж иштта д1ах1оьттина: 1-ра меттиг – Хаджиев Ахмед (Солнечное); 2-г1а меттиг – Абдулмуслимова Даяна (Покровское); 3-г1а меттиг – Керимова Танзила (Нурадилово). Кху деношкахь оцу конкурсан т1аьххьара этап хила йезаш йу Махачкалахь. Цигахь билгала дера ду, Хасавюрт г1алин а, Хасавюртовски, Новолакски, Казбековски, Бабаюртовски, Кизилюртовски а к1оштийн хьалхара меттигаш баьхначарах мила тоьлу. 
Иштта, оцу денца цхьанадог1уш, карарчу баттахь хила безаш къовсам бу ненан меттан хьехархойн йукъахь а. Тхайн ницкъ кхочучу барамехь, оха оцуьнан  жам1аш а довзуьйтур ду шуна.