«…Ма ирча яра оцу шийла деанчу дийнан Iуьйре. Дагах а, дегIах а, сих а чекхйолура Iаьнан шело. Дахар гуттаренна а хийцадала доьгIна хиллера оцу дийнахь дуьйна. Шина декъе декъаделлера иза – дIадохадале, хиллачуьнга а, дIадохийначул тIаьхьа хиллачуьнга а. Дагна мел дезнариг, сина товш мел дерг хIокху махкахь дара.Дера…БIаьргаш къевлинчара ца беллал эрчо ма яра, лергашна...

