ДIадаханчу оршот дийнахь, чиллин беттан (февралан) 1-чу дийнахь, Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIадаьхьира Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан 65 шо кхачарна лерина даздарш. Юбилейни суьйре вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, Къоман библиотеко а. Цигахь дакъалецира яздархоша, Iилманан белхахоша, Къоман театран артисташа, журналисташа, яздархочун кхолларалла езачу ешархоша.Цхьаьнакхетар дIадолош, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас дош делира...
