ДАГЕСТАНАН БlЕ ШО КХАЧАРНА ЛЕРИНА

Хууш ма-хиллара, Дагестанан массо а гIаланашкахь а, ярташкахь а кху шарахь билгалдоккхуш ду вайн республикин автономи кхоьллина бIе шо кхачар. Цуьнан гурашкахь ерриге а республикехь дIахьо гоьрга стоьлаш, конференцеш, фестивалаш. Ишттачарех, и де даздаран лерина мероприятии дIаяьхьира Хасавюрт гIалин № 11 йолчу юккъерчу ишколехь.
Мероприяти вовшехтоьхнера 7 «б» а, 4 «г» классийн куьйгалхо йолчу Ахмедова Зарас а, дешархойн дай-нанойн комитето а. Цхьанакхетар дIадолийра дешархоша Дагестанан Гимн аларца. Цигахь коьрта дакъа лоцуш, хьажархошна тайп-тайпана сценкаш гойтуш бара лакхахь билгалъяьккхинчу классашкара дешархой. Ткъа цара лелочунна мах хадо а, гайтаме хьовса а кхайкхина хьеший а бара: Хасавюртан Центр Занятостин инспектор Каримулаева Мадина, кегийрхойн гIуллакхехула йолу инспектор Гусейнова Джамиля, Мичурина поселкан квартальни волу Ахмедов Иса, дешархойн дай-наной, меттигера бахархой, хьехархой иштта дIа кхин а. 
Гулбеллачарна бераша гайтира вайн республикера цхьацца долу къаьмнийн духар а, забаре сценкаш а. Иштта цара йийшира байташ, лийкхира эшарш, баьккхира хелхар бал. 
Цара гойтург, дукха хьолахь, тайп-тайпана къаьмнийн дахаран некъ а, стенца, муьлхачу башхаллашца къаьста къаьмнаш а, иштта цхьаьнадог1у Iадаташ а дара. Ткъа коьрта 1алашо-м, вайна хууш ма-хиллара, массо а къаьмнийн юкъахь барт ч1аг1бар, гергарлонаш а, уьйр а тасар яра. 
Ала догIу, дешархоша дика кечам бина хиллера. И гуш дара цара д1айаьхьначу программин чулацамца. Локхуш йолу йиш, забаре дийцарш, хелхарш, иштта кхин йолу сценаш а хьажархоша тIараш тухуш даггара т1еоьцура. 
Хьешаша лаккхара мах хадийра дешархоша бинчу балхана. Цара баркалла элира мероприяти кечъеш дакъа мел лаьцначунна а.
Гулдалар дIадерзош, баьхкинчаьрга йистхилира Ахмедова Зара, — «Суна даггара баркалла ала лаьа шуна массарна — баьхкинчу хьешашна, ишколан директорна Хункаров Висраилна, дешархошна, дай-нанойн комитетан куьйгалхо волчу Алхажиев Исламна, иштта массо а дакъа мел лаьцначунна а» — аьлла шен къамел дерзийра цо. 
Мероприяти дIаерзийра берриге баьхкинарш шуьне кхайкхарца. Хууш ма-хиллара, хьаша-да тIелацар а бу Дагестанан хилла ца Iаш, массо а Кавказан дерриге къаьмнийн коьрта бахам. Вайн нохчийн къоман Iадатехь ма-хиллара, тоьллина кхача хьалха биллира хьешашна. 
Билгалдаккха лаьа, иштта мероприятеш вовшахтоха а, лекхарчу тIегIанехь дIаяхьа а вуно хала ду, хIунда аьлча, берашца дукха болх бан беза, хьешашна лерам бан беза, оьшуш долу духар лаха деза. Цул совнаха, вайна юкъахь даьржина ун бахьан долуш цхьацца лело дезаш тIедахкарш а ду, коьрта дерг адамийн могушалла ларъяр а долуш. И дацахьара-м, со тешна ву, иштта йолу мероприятеш хьехархоша а, дешархоша а кхин а лаккхарчу тIегIанехь дIахьург хиларх. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля