Массо а хенахь хьехархо лараме хилла ву юкъараллехь. Школехь болх бина ца Iаш, нехан дахарехь а хьехамча а, дика накъост а хилла ма ву иза. Нохчаша гуттар а лоруш хилла дешна стаг, хIунда аьлча оьшучу хенахь цунах накъост хир вуйла хууш. «Дешна нах вайна юкъахь дукха мел хили а, вайца харцо лело ницкъ кхочур бац...

