«Кхолламан некъаша дуьне мел ду даржийна лелачу вайна гIаддайначу хенахь бен дага ца йогIу ваьш кхиъна юрт. Ирсо букъ берзийча, даима а къизчу дахаро шен ямарт тохар дича, цига, вешан орамаш долчу, дIахьолху вай, цигахь лоху синпаргIато.Алхаст юьрта вогIура.Хьажа-хIотта, бералло хьистинчу меттигашка бIаьрг тоха дацара иза. ХIан-хIа. Алхаст гуттаренна а цIавирзинера. Кертара колл-баI хьакха, кхерча...

