Кху деношкахь жигара д1аболабелла Ерригероссин бахархой лараран белхаш. Октябран пхийтталг1ачу дийнахь дуьйна, цхьа бутт хан билгалйаьккхина оцу г1уллакхна. Иза 2020-чу шарахь чекхдаьккхина хила дезаш хиллехь а, керла йукъадаьлла, коронавирусан ун бахьана долуш, кху шаре д1атеттина дара. Вайн пачхьалкхехь бахархой ларарехь белхаш д1ахьош ду х1ора итт шо хан мел йолу. Планаца цхьаьна а дог1уш, д1адахначу шарахь...
