Даимна бехийла нохчийн мотт!

Кху шеран 26 ноябрехь Хасавюрт к1оштара а, Хасавюрт г1алара а нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша дакъалецира НПХьУ-хь д1адаьхьинчу «Нохчийн мотт кхиоран а, 1алашбаран лазаме проблемаш (хаттарш)» ц1е йолчу горга стоьлан цхьаьнакхетарехь. 
Х1инццалца Байханов И.Б. НР дешаран а, 1илманан а министерствон куьйгаллехь а волуш, кест-кеста д1ахьора цу тайпана мероприятеш, цхьаьнакхетарш а. Нохчийн меттан ч1ог1а тидам бора цо. Луларчу Дег1астанехь бехаш болчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна а цхьаьна методически пособийн, иштта литературийн а кхачо йора Министерствоно. Доккха баркалла ала лаьа царна массо а хьехархочун ц1арах тхо д1ацакъасторна. И тайпа конференцеш, горга стоьлехь цхьаьнакхетарш а, иштта муьлхха семинар а хьехархочун шен корматаллин т1ег1а лакхаяккхарна аьтто беш ю. Х1окху дуьненчохь даьржина ун бахьана долуш, х1инца лахделла цхьаьнакхетарш. Делахь а, оцу цхьаьнакхетаре тхаьш кхайкхича, боккхачу лаамца, хазахетарца т1еийцира оха кхайкхам. Тхо Соьлжа-Г1ала д1акхаьчча тхуна дуьхьал елира шен накъосташца цхьа безамехь хаза зуда Хава Бакуевна, ф.1.д., профессор, НПУ нохчийн филологин факультетан куьйгалхо.