Т1екхочуш бу вайна сийлахь-беза бутт – Рамадан. И бутт везачу Дала къастийна кхечу беттанел даккхийн дозалашца. Рамадан баттахь доссо долийна Делан деза жайна – сийлахь долу Къуръан. И бутт базбеш, Дала бусалбанашна т1едиллина сийлахь–деза 1ибадат – марха кхабар. Хьадисехь цунах лаьцна деъна, Дала элира, йерриг Адаман беро йеш йолу 1амал цунна шена йу, марха кхабар...

