Цхьа эзар исс бIе шовзткъе ворхIалгIачу шеран аьхкенан тIаьххьарчу баттахь, нохчий цIера баьхна кхо шой, ялх бутт, масех дей даьллачул тIаьхьа, НКВД-ен гIера цхьана мискана тIаьхьа йолу, лаьмнашкахь лечкъаш, шен зудчуьнца тIаьхьависинчу. НКВД-ен коьрта хьаькам нохчо ву, бохуш, дуьйцу, меттигаш дика йовзарна, Iедало шена тIаьхьа витина, цхьаьнара гIера гIазкхий а болуш. Цара и миска хьиэхахь...










