Цхьа эзар исс бIе шовзткъе ворхIалгIачу шеран аьхкенан тIаьххьарчу баттахь, нохчий цIера баьхна кхо шой, ялх бутт, масех дей даьллачул тIаьхьа, НКВД-ен гIера цхьана мискана тIаьхьа йолу, лаьмнашкахь лечкъаш, шен зудчуьнца тIаьхьависинчу.
НКВД-ен коьрта хьаькам нохчо ву, бохуш, дуьйцу, меттигаш дика йовзарна, Iедало шена тIаьхьа витина, цхьаьнара гIера гIазкхий а болуш.
Цара и миска хьиэхахь лоцу я, аьлча а, караво-кх царна, сахуьлуш болабелла тIом де дIадовчу суьйренга баьлча. Хьиэхан гуо гатбала булу. Чуьра схьа беран аз а хеза, хьиэхачуьра схьа, цхьаъ-м моллала кхойкхуш а; юха къаьсташ цхьа мохь а бека: «Топ тохахь, тохахь суна»,– доьхуш санна, орцанна мохь. МаьркIажан бода къовлалуш, дуьхьал схьа топ а кхуьйсуш, хьиэхачуьра цхьа гIаларт доду, шен лорах лар йита санна, кхуьйсучуьра топ а ца сацош.
Вуьйш тIаьхьа хьовду, герз а детташ.
Ведда воьдучо, сих-сиха, тIаьхьара орца гIелдала доьлча, «кхохь» олуш, топ йолуьйту, ша волу меттиг хаийта санна, хьулвала а ца гIуртуш. Буьйса юкъал тIех яьлла, кIоран бIаьрг санна, Iаржъелча, тоьпан тата кхин ца хеза. МостагIаш кхета тIаккха, шайн мостагI мичхьа ву я мичахь юхавирзина – царна хьиэх дагайогIу, цу чуьра хезна беран аз а…
Хьиэхан кхолха гуо лоцу, бацаца уьйш, бердашца, текхна Iохкучу тIулгашца а. Бода зарзло, дохк-марха санна. Сахуьллуш я сахилча, са серладала доладелча, тарх а, херо а, кол а ца къаьсташ, бода, ша санна, дIашарбелча – хьиэх хIетахь а таллаза хуьлу, тешнабехках ца хIуттуш, – стаг бердашца, лакхара охьа, IиндагI санна, шершаш го, дегI меттахъхьар а доцуш, берд бердаца хьекхалуш санна.
Вуьйш маьлхан зIаьнаре хьоьжу, Iалажо лаца оьшучу де къаьстачу серлоне: ламанца са атта ца хуьлу – лакха буьххьехь садаржарх, чIаж а, Iаннаш а боданехь дуьсу, тIоьхлахь гучу маьлхан зIаьнаро, куьзгано санна, бIаьрса а дойуш.
Чхьаьвриго патар санна, IиндагI дууш йогIу серло хьиэхан бердашца схьахIоьттича, стаг бердана тIелетта кхозу, бертал охьа, бирдолг санна, шен машанах гезг санна, бердаца уьйш, берд хилла. Топ цкъа бен ца йолу – шозлагIа кхин оьшуш а яц, – дакъа бухарчу тIулгашна тIе аркъал чукхета. Хьеха чохь елла зуда карайо, накха цIуббеш долу жима бер а. Бер охьадохьу, бераца цхьаьна – ден корта а (бер дохьучу говраца охьа), докъах схьа а къастабой. Цигара юха Соьлжа-гIала а некъ цхьаьна бо цу шимма – дас а, кIанта а машенахь, кIант мостагIашна воьлуш а волуш а, гали чохь мотт сецна да а.
Суо кхузахь хIун ала я хIун жамI дан гIерта (жамIаш суна оьшуш а дац) ца хаьа суна, и сурт ган лаар бен, хила йиш йоцу бакъдолу сурт: машен, машена чохь докъа тIера схьабаьккхина бохьу кортий, ша корта баьккхинчу ден бер хьоьстуш вогIу НКВД-ешниккий, доьлуш догIу жима беррий, хьиэхахь Iуьллу беран наний, цIера даьккхина халккъий, аьхкенан довха дей…
… И тайпа хIума Нохчийчохь нохчочо бен дийр дац – вешин докъа тIера корта баккхар. Нохчочо эвхьазваьккхинчу мостагIчо а дийр ду иштта: къам доьхкинчу ахь леллорг ма леладо мостагIчо а: ахь цунна хьоьху, хIун дан деза, хьайн къоман эхь мичхьа ду а. Шуьшиъ шийа цхьаъ ву хIинца, ший а – къоман мостагI, дуьххьал хьан – цхьа мах а бац, хьайн махкахь а, кхечахьа а; важа цхьанхьара схьавеъна ву, ша мостагI вуйла а хууш, цIахь хьоьжуш къам а, мохк а болуш. Иза кхузахь ву мостагI, ткъа шен цIахь – турпалхо; хьо цхьанхьа а яц хIумма а, массанхьа а – неIалтхо.
Иза-м иштта хилла а ду, долуш а ду, хир а ду, амма, ткъаессаналгIачу бIешерахь,вай мостагIел эша дуьйладелча дуьйна схьа йолаелла и ямартло – мостагIийн доттагIий хилар – турпаллийца юьйцуш дерг вай бен, кхин халкъ-м дац, тIаьхьарчу тIаьхьенаша ямартчу дайх дозал а деш…
ГIоза-декъал хуьлда-кх вай, декъала-м ца хинделахь, дIалелар-м ду вай иштта, вовшашлахь «со-ас» а бохуш, мостагIашна вай хIун ю а хууш: вай хIумма а йоций…
… мича хьор техь-кх хIара гIайгIа-бала, хьаьнца Iовшур-кх хIара гIело а…
БЕКСУЛТАНОВ Муса