Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс мехала хаттар дийцаре дира — и дара социалан аг1онца доьзна. Цо тидам т1ебахийтира бахархошна молханаш латторца доьзна чолхечу хьолана, керла шо т1екхачале и хьал дикачу аг1ор хийца дагахь хилар а д1акхайхира. Цо билгалдаьккхира карарчу хенахь молханаш эцаран система эвсаралла йоцуш хилар, д1акхайкхийра йаккхийчу фармацевтикан компанешца а, могашаллин министраллица а цхьаьна болх...










