Хьалха заманчохь телевизор цхьа тамашийна х1ума хетара: керланаш, концерташ, тайп-тайпана передачаш, коьртаниг — киношка хьовса йиш йара (баккхийчарна а, берашна а хазахетара уьш). Телевизоре хьажа аьтто хилларш вуно «ирсе» лоруш бара. Х1етахь дуьйна дуккха а хан йаьлла. Х1инца цхьа а стагана цецвала х1ума дац. Социальни машанаш а бу таханлерчу дийнахь. Тахана телевизоре хьоьжуш болу нах...








