Дагестан Республикин Ярыксу-Аухехь (Г1ачалкъехь) Гапуев Исмаила шайн б1ов-комплексехь, Нохчийн Республикера а, Дагестанера а 1еламнах а кхайкхина, мовлад а доьшуш, доккха саг1а даьккхира. Сийлахьчу Аллах1ана диезачех долу и г1уллакх вайн къоман барт, вежралла, уьйраш ч1аг1йарна лерина дара. Нохчийчуьра баьхкинчу вежарийн тобанан коьртехь вара ц1онтаройн Эжин гарийн тхьамда волу Дадашев Хьусайн. Иштта, тобанан декъашхой бара Надтеречный...










