Нохчийн яздархойн зорбанехь араевллачу произведенешлахь, суна хетарехь, ас ешаза цхьа а хир яц. Цундела айса дуьйцург сайн хьекъалехь а, кхетамехь а цхьа бух болуш ду моьтту суна.Х1инццалц вай йийцаре йора литературехь интернациональни, патриотически, Даймехкан, безаман, иштта кхийолу а теманаш. Девзара коммунистийн, кулакийн, къечеран, хьолахойн, иштта кхечеран а васташ. Амма литературин критикехь бакъдолчу т1ехь билгалдаьккхина дацара...

