Театр… Iаламат вуон «ун» ду иза. Цкъа мацах дика спектакль гина, цунах самукъадаьлла хьан театре безам бодахь, и безам тIеттIа чIагIлуш, хьайна дукхабезачу актерех бIаьргкхетар ирс хеташ, керлачу спектакле хьажа лаам лаьтташ, театран искусствох къилба дина лелар ву хьо. Иштта хилира Джамиляна а. Иза дукха жима яра церан юьрта вайнехан къоман театр еача. «Бож-Iела» спектакль...

