Массо а нохчочунна хууш ду, гIиллакх – иза вайн коьрта йукъаметтиг йуй. И шеца доцург вайн къомах ван а вуй те олий хета. Цунна йукъа догIу да-нана ларар, нахаца мерза уьйр латтор, лулахочуьнца дика хилар, жимачух къинхетам бар, накъосташца тешаме хилар, кхоччуш гергарло лелор, иштта дIа кхин а. Цундела, ларамза дац иза везачу Далла вайна йалсаманера охьадоссийна хилар а. Вайн варх1адайшкахь дуьйна даздина, цуьнан хам беш, иза шегахь долчунна лерам беш, схьадог1уш ду вайн къам. Баккхийчара шайн чохь, бераш кегий долуш дуьйна царна хьоьхуш, довзуьйтуш а ду иза. Вайх х1оранна а коьрта 1алашо хила еза, ишколехь хьехархочо дешархо 1аморе терра, берашца болх бан: ерриге а нохчийн къоман хазна — оьздангалла, Iадат, йахь, эхь-бехк йовзуьйтуш, къа хьега деза вай.