Тахана массо а пачхьалкхана хаьаш ду Ингушетера Карабулакерчу барх1 шо долчу Дербичев Хизира, шен доттаг1 карзахдаьллачу хи чу воьдуш гича, массарна хьехам хилла аьлла долу дешнаш: «К1елхьарваккха вай иза, вай къонахий ма ду!».
Х1окху беттан 15-чохь дара иза… Чехка доьдучу хи чу а иккхина, шен доттаг1 цу чуьра араваккха г1ерташ, ша а къинхетам боцчу хин 1овро д1авигира Хизир.
Нийсса барх1 дийнахь дехьа-сехьа Кавказера а, массо а пачхьалкхера а эзарнаш волонтераш, хинан шелоне а, к1адбаларе а ца хьоьжуш, дийнахь а, буса а Сунжа хи а, цуьнан бердаш а кегийра, Хизир кароре сатуьйсуш… Уьш оцу деношкахь къомашна а, тайпашна а бекъалуш бацара. Массо а башхаллаш д1айаьлла йара халачу хенахь — исламан вежаралла бен ца йисира.
Г1алг1айчуьра, Нохчийчуьра, Дагестанера, Къилбаседа Х1ирийчуьра, Г1ебарта-Балкхаройчуьра, Кхарачойн-Черкезийчуьра волонтераш — берриге а цхьаьна а кхетта, болх д1абаьхьира. Макка 1умрат дан воьдуш волу Г1ирг1изойчуьра к1ант а оцу балана т1ехвала ца велира — Хизир лоьхучарех д1акхийтина вара иза а.
Сунжица а, цуьнан бердаца а вайна гуш берг беккъа цхьа лехамаш д1абахьар болу болх бацара. Наб а, йуург а, шен могашалла а йицъйеш, д1ах1оьттинера шаберш. Цхьана бусалба стеган лазам массеран лазам хилла д1ах1оьттира, г1о дан ницкъ кхочуш берш берриге а г1о дан хьалаг1оьвтира.
Х1ора бусалба стага Сийлахь-Везачуьнга Хизир могуш-маьрша карор дара доьхуш дерг, амма Делан лаам иштта хилла-кх…

Х1окху беттан 22-чохь, жима к1ант хино д1аваьхьна 8-чу дийнахь, массера дегнаш 1овжош хаам беара — Хизир Сунжи чохь велла карийна Троицкое поселкехь Ингушетехь, аьлла.
Цхьана а стеган кхоллам хьалххе билгалбоккхуш бац вай — дерриге а Аллах1ан карахь ду, амма вай теша Цуьнан доза доцчу къинхетамах а, нийсонах а. Доттаг1 к1елхьара ваккхархьама хи чу вахана волу барх1 шо долу к1ант, шеко йоцуш, Къинхетамечун къаьсттина 1уналлехь ву. Вай Аллах1е доьху, Хизир шах1идашна йукъахь т1елацар, цунна ялсаманин уггар лакхара даржаш далар, къемат дийнахь шен дена-нанна шафа1атхо хилийтар.
И хилам беккъа цхьа бохам хилла ца 1аш, вайн доккха дарс хилла д1ах1оьттина, бусалба динан доьналла, вежаралла гучудоккхуш.
Карабулакера жима лом доккхачу хино д1адаьхьна, амма цо динчу г1уллакхо эзарнаш адамаш цхьаьнатоьхна. Оцу бохамо дог ца лазадеш цхьа а ца витина.
К1орггера ларам бан а, гуттаренна а дагахь латто а хьакъ долу г1уллакх кхочушдина цо, оццул жима воллушехь…
И бохаме, амма дог ойъуш долу хилларг — вайна массарна а хьехам бу.
Хизирс бусулбанашна йоккха серло йитина. Оцу серлоно гойтийла вайна доьналла, барт, вай Кхоьллинчунна реза хиларан некъ!
Вай массо а кхид1а а до1анаш дийр ду оцу сирлачу к1антана.
Веза-Воккхачо декъалвойла иза, дена-нанна эхартехь пайденна хуьлийла, царна ницкъ лойла! Иза санна долу бераш вайн къаьмнийн дозалла ду!
Аллах1а диканца бекхам бойла и бер лаха арабаьллачаьрна, шийла хи чохь лаьттийначаьрна, шен хан а, могашалла а, ницкъ а д1аделлачу х1оранна а!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

