Тахана тидам тIе ца бахийтича…

Хьалха заманчохь телевизор цхьа тамашийна х1ума хетара: керланаш, концерташ, тайп-тайпана передачаш, коьртаниг — киношка хьовса йиш йара (баккхийчарна а, берашна а хазахетара уьш). Телевизоре хьажа аьтто хилларш вуно «ирсе» лоруш бара.
Х1етахь дуьйна дуккха а хан йаьлла. Х1инца цхьа а стагана цецвала х1ума дац. Социальни машанаш а бу таханлерчу дийнахь. Тахана телевизоре хьоьжуш болу нах дуккха а бацахь, х1етте а, болуш бу.
Вайн телевизорш йу, дегнашна луъучу барамехь каналаш а йу. Амма х1ун ду цу чохь гойтуш дерг? И ду коьрта хаттар. Телевиденин чулацам вайна пайдехьа буй? Бац, аьлла хета суна. Оха дуккха а дийцаре до и х1ума – ваьшна йукъахь а, газеташкахь а.
Дика хууш ду, телевиденис, интернето вайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцуш хилар. Уьш боцуш даха йиш йац вайн, х1унда аьлча, тахана адамаш информацин а, хиламийн а йуккъехь ду, латтано хи санна, уьш шайна чуоьцуш. Телевиденехь а керла хаарш ло, могашаллех, спортах, искусствох, кхин а дуккха а х1уманех лаьцна дуьйцу, къаьсттина самукъадаккхарх лаьцна!
Цу хьокъехь масех дош ала лаьа суна. Телевизор, уггаре а хьалха, самукъадаккхаран г1ирс бу. Кино хуьлийла иза, концерт хуьлийла, х1инца ма-аллара, шоу хуьлийла иза – дерриг а хьовсархойн самукъадаккха кхоьллина ду. Амма вайна дукхахьолахь х1ун го?
Масала, схьаэца кино, къаьсттина вайна гонаха долчу кхузаманан дуьненах лаьцна йолу. Х1ора керлачу эпизодехь йа маларш, йа ницкъ бар, йа эвхьаза х1ума гойту. Доьзална хьажа мегаш кино йац. 25-30 шо хьалха стаг хьожур вацара иштта кинога, къаьсттина, берашца. Цундела телевизоран пульт даима карахь латто йеза — шен хеннахь кхечу канале д1атоха.
Телевиденин программин графикехь йу концерташ а, шоуш а. Тахана нахана цаьрга хьовса лаам к1езиг бу.
Интернет а, телевидени а ца оьшу, д1айаккха йеза бохуш дац вай. И дерриге а вайн дахарехь ца хилча ца долу. Х1етте а, дуккха а программаш а, видеош а йу, пайде хила тарлуш, масала: патриотически кхетош-кхиоран программаш, йа историн теманашна т1ехь йолу.
Хууш ма-хиллара, книгаш йоьшуш, зорбане даьккхинчу дашах самукъадолу кегийрхой вуно к1езиг бу. Царех дукхахболчарна интернет а, компьютерни ловзарш а дезаш ду.
Амма телевиденис а, социальни машанаш а вуно лерина «къахьоьгу» т1екхуьу чкъор оьздангаллехь талхош, ца оьшург вайна гойтуш. Цхьайолчу передачашкахь д1ахьош болчара а, актераша а боьха мотт буьйцу, товш доцу духар леладо, сийсаз лела.
Кхечу канале д1а а довла а, йа телевизор йерриг а д1айайъа а, ур-атталла социальни машанашкара арадовла а йиш йу вай. Амма хьоьжуш берш а бу, къаьсттина, кегийрхой.
Х1ун масал гулдийр ду цара цу тайпачу хьостанашкара?
Интернет чохь а, телевизор чохь а дуьйцург а, лелош дерг а дукха хьолахь вайн халкъан 1адаташца дог1уш дац. Т1аккха вай цецдовлу, кегийрхой цхьанхьа галбаьлча: «Х1ара х1ун ду? Мичара даьлла, хьангара схьадаьлла?».
Цундела вайна хаа деза, телевизорехула а, интернетехула а вайн бераш муьлхачу передачашка хьоьжу. Цу г1уллакхна вай тахана тидам т1е ца бахийтича, кхана хир долу жам1 вуно ирча ду.
Х1ора заманан шен башхаллаш йу, вайна хаьа иза. Хенан йохалла хийцало адамаш, церан кхетам а, массо а х1умане болу хьежамаш а.
Амма дикачу аг1ор буй-те и хийцамаш?
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля