Ненан мотт вай дIатасахь…

Т1аьххьарчу шерашкахь вайн къомах доглозуш а, вайн дахаран некъ нийса хилахьара бохуш а нах вайна йукъахь к1еззиг хилча санна хета суна. Дагестанехь бехаш болчу массо а нохчийн коьрта кхачамбацар, соьга хаьттича, кхио ма-йезза т1аьхье вай цакхиор йу.
Суна хетарг т1еч1аг1деш иштта масал дало луар дара суна.
Дукхахболчу доьзалашкахь, баккхийчара а, кегийрхоша а цхьа а башхало йоцуш шаьш вовшийн йукъахь къамел деш кхечу меттанашкара дешнаш йукъадало. Цул совнаха, уггаре вуон дерг, къаьсттина берашка оьрсийн мотт буьйцу баккхийчара. Ткъа шега схьабийцаре терра, вукхара а йухабуьйцу иза.
Т1аккха, хан мел йолу берашна шайн ненан мотт санна марзло и. Оьрсийн маттана дуьхьал вац со а. Иза 1амо а, хаа а беза, х1унда аьлча, вайн пачхьалкхехь массо а къаьмнийн йукъара мотт бу и. Делахь, вайн дайша а, наноша а мел йаккхий халонаш шайна т1е1иттайаларх, д1а ца тосуш, биц ца беш, вайга схьакховдийна болу вайн нохчийн мотт д1а а тесна, 1амо ца деза кхечу къаьмнийн меттанаш.
Дукхахболчара олуш хезна: «Оьрсийн мотт берашна ца 1амийча, царна дахарехь хала хир ду. И олучарна сан цхьа а дуьхьарло йеш ала х1ума дац. Делахь, хиндерг хууш Аллах1 воцург цхьа а ма вац.
Цул совнаха, цхьаболчара шен бераш ингалсин а, 1арбойн а меттанаш 1амо цхьацца курсашка а д1ало. Оцу г1уллакхна а цхьа а дуьхьарло йац сан, нагахь санна кхин долчу меттанашца цхьаьна марзбеш, хазбеш вайн т1екхуьучу чкъоро сийлахь хилла болу нохчийн мотт а 1амош белахь.
Х1ун хир ду-те вайн къомах, нагахь санна ненан мотт вай д1атасахь? Мотт ца хилчи къам ма ца хуьлу. Ткъа вай нохчийн къомах ма кхоьллина Далла. Ойла йиний-те вай иштта чаккхенна?
Суна схьахетарехь, ца йина наггахь волчо бен. Таханалерчу денца йа ахчанца чекхдолуш ма дац вайн дахар.
Ткъа шун, хьоме газетдешархой, х1ун ойла кхоллало? Хуьлий вай хила ма-дезза вайн ненан маттан 1уналла дечарех?..
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля