Вайн пачхьалкхан дозалла…

Х1ора шарахь мангалан беттан т1аьххьарчу к1ирандийнахь ламастехь даздеш ду Х1ордан эскаран де, пачхьалкхан х1ордан ницкъ сийдеш долу дезде.
Х1орда т1ехь толамаш баьхна сирла аг1онаш гуттаренна а пачхьалкхан исторехь д1аязйина йу.

 

Карарчу, вайн пачхьалкхан уггаре халачу хенахь, х1ордан флотан кеманаш кхид1а а лардеш лаьтташ ду х1ордан дозанаш, шайн тешаме хилар а гойтуш.
Тахана Россин х1ордан флот 1аткъаме а, нуьцкъала а г1ирс бу. Вайн х1ордахоша сийлахь кхочушдо стратегин декхарш дуьненан океанийн уггаре а генарчу маь11ехь. Флот хаддаза керла йоккхуш йу, т1аьххьарчу кеманашца йуьззина йу, дуьненахь аналогаш йоцу кхиаме герз а ду цуьнан долахь.
Х1ордан т1емашкахь вайн турпалхоша гайтина хьуьнарш вайна даима а дагахь лаьттар ду. Таханлерчу х1ордан эскаран х1ордахоша шайл хьалха хиллачу нехан сийлалла алсамдоккху, шайн говзалла совйоккху, лерина лардо х1ордан эскаран ламасташ, д1адаларан а, кхерам боцуш хиларан а масал а долуш.
Х1ордан флотан коьрта буьйранча адмирал Моисеев Александр коьртехь а волуш, дукха хан йоццуш д1адаьхьначу «Июльски шторм» олучу шуьйрачу оперативни 1амораша д1алаьцнера Тийначу а, Арктикан а океанийн а, Балтикан а, Каспий-х1ордан а хиш.
Х1ордан флото коьрта дакъа лоцу Лерринчу т1еман операцехь. Х1ордахоша лаьттан эскаршна ц1еран г1о до, мехала инфраструктуран объекташ ларйо, фронтан уггаре а халачу меттигашкахь кхерамазалла латтайо.
Флот леррина операци йолалуш дуьйна йукъаозийна йара, мостаг1чун т1еман 1алашонашна тохарш деш. Мариуполан порт а, «Азовсталь» завод а д1акъовларехь дакъалецира х1ордан эскархоша.
Х1ордан флотан коьртачу буьйранчас дукха хан йоцуш билгалдаьккхира мостаг1чун 1алашонаш х1аллакйеш лаккхара нийсачу герзах эвсаре пайдаэцар. Президента Путин Владимира масийттазза билгалдаьккхира леррина операци д1айоьдучу уггар ирчачу меттигашкахь т1ом бечу х1ордан эскарийн кхиамаш.
Т1аьхьарчу пхеа шарахь тайп-тайпанчу классийн 50 гергга кема дина. Автопарк кхиорехь болх д1ахьош бу. Гергарчу итт шарахь керла кеманаш дан 8,4 триллион сом инвестицеш йан дагахь ду вайн 1едал.

Кечйинарг — БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля