Вайн республикехь таханлерчу дийнахь ч1ог1а дика кхуьуш йу туризм. Массо а г1аланашкара а, кхечу пачхьалкхашкара а адам ду вайн 1аламан хаза меттигаш ган 1алашо йолуш.
Вайн таронаш йу 1 миллион сов туристаш т1еэца а, курортан а, туризман а комплексан сервисаш шарахь 6 миллиарде кхаччалц хьалайаха а, 100 эзар сов керла белхан меттигаш кхолла а.
Дагестанан Республикехь хьал долуш 1аламан дарбанан а, сада1аран а ресурсаш йу. Церан буха т1ехь кхоьллина санаторийн а, курортийн а йерриг система. Вайн туризм кхион дерриге а хьелаш ду: Каспий-х1ордан г1ум йолу берд (шера дарбане хи, сирла г1ум, лийчаран мур лаьтта 150 дийнахь, шарахь 200 де маьлхан ду); лаьмнашкахь — лаьмнин туризм а, альпинизм а кхиорна.
Дагестанехь туристаш шена т1еберзо йиш йу дуккха а 1аламан а, историн а, архитектуран а х1олламашца: Сары-Кум 1индаг1 (локхалла 250 м, уггаре а шатайпа парг1ат лаьтта 1индаг1), Пушкин-Тау лам (Каякентан к1ошт), Карадахан 1индаг1 (Гунибан к1ошт), Сулакан каньон, Самуран хьун, Хучнински хидоькъе, Базардузу лам.
Цигахь дуккха а историн а, архитектуран а х1олламаш бу: Нарын-Кала гlап, Ахулго лам (Шамилан т1ом хилла меттиг), Кубачи эвла, дуккха а музейш (краеведчески, исбаьхьаллин музей, и. д1. кх. а).
Дагестанан уггар коьрта бахам бу Каспий-х1ордан берд. Цигахь дуккха а санатореш а, туристийн центраш а, дарбанан центраш а йина, ян герга а йу.
Туризм кхиарца вайн республикан бахархойн сатийсам бу белхан меттигаш хиларе. Шайн бизнес схьайоьллуш, хьешан ц1енош дан аьтто хир бу церан.
Д1айаханчу туристийн сезонехь Дагестан кху шарахь уггаре а йезаш йолчу сада1аран регионийн лакхарчу меттехь йара. Кхид1а а туристийн д1асалелар хаддаза алсамдоккхуш ду.
БАЙМУРАДОВ Мовсар