Бералла… Аьхкехь морсачу буц т1ехь 1аьржа когаш а болуш ведда лелаш, олхазарийн иллешка а ладог1а йиш йара. Бералла — бешара схьаэцначу керлачу зезагийн хьожа а, уггаре а йовхачу деношкахь нанас йеш йолу шийла компот а… Хи чохь синтем боцуш лийчар а, г1ум-аренан г1аланаш йар а — и дерриге а берашлахь х1ора аьхкенан хийцалуш доцу дакъа дара.
Берийн де х1ора шарахь оханан беттан 1-чу дийнахь даздеш ду, церан бакъонаш ларъйарна а, уьш дика хилийтарна а лерина дуьненайукъара дезде ду иза. И йукъараллина дагадоуьйтуш ду, массо а берийн бакъонаш ларъйарехь а, уьш ирсе хилийтарехь а, кхиарехь а, оьзда кхане хилийтарехь а хьелаш кхоллар шена т1ехь хилар.
Оцу терахьан коьртачу 1алашонех цхьаъ йара йукъараллин тидам берийн баланашна т1еберзор, къаьсттина, дикачу хьелашкахь дехачу, ницкъ барна, къелла ловш долчу йа дешаре кхача аьтто ца хиларна бала хьоьгучу берийн. Цул сов, т1екхуьучу т1аьхьенан могашалла кхиор а, ларъйар а мехала хилар дагадоуьйту Берийн дийно.
СССР-хь а 1950 шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду х1ара де, халкъалахь шуьйра г1ортор карийра цунна. Оцу дийнахь берийн самукъадаккхарна а, уьш кхетош-кхиорна а 1алашонца тайп-тайпана мероприятеш д1ахьора масала, концерташ, спортан къийсадаларш, гайтамаш, кружокаш, кхийерш а. СССР йоьхначул т1аьхьа даздарийн ламаст лардина, х1инца а г1ортор йеш ду постсоветан пачхьалкхашкахь.
Кхузаманан йукъараллехь къаьсттина тидам т1ебохуьйту киберкхерамазаллин баланашна а, интернетехь бераш 1алашдарна а, ткъа иштта церан синмехаллашна а.
Дуьненайукъарчу экономикан а, 1аламан а кризисийн, т1еман, берийн ларамаза хилар алсамдолу, церан бакъонаш кхин а к1орггера а, системан кепехь а ларъйан йеза.
Берийн де даздеш, вайна хаьа йукъараллехь уггаре а кегийчу декъашхошна г1о дар а, уьш ларбар а мехала хилар. Оцу дийнахь ч1аг1до адамийн кханенах вайн йукъара жоьпалла хилар, х1унда аьлча бераш вайн кхане йу. Тахана берашна г1айг1а барца вай ч1ог1а бух кхуллу кхана ирсе дуьне хилийта.
Дуьненан дуккха а пачхьалкхашкахь оцу дийнахь д1ахьо берийн синкъерамаш, тематически мероприятеш. Берийн бакъонашна а, уьш 1алашъйарна а лерина информацин кампанеш а, конференцеш а д1ахьо пачхьалкхан а, йукъараллин а организацеша. Хьехархоша а, дай-наноша а, бераш 1алашдечара а къаьсттина тидам т1ебохуьйту бераш кхетош-кхиоран а, дешаран а, могушаллин а хаттаршна. Йукъаралло берийн къинхьегамца а, дешарца а, лоьрийн г1оьнца а доьзна хаттарш х1иттадо, берийн дахаран хьелаш тодаран программаш кечйо.
Паркехь, оцу дезчу дийнан сий деш вовшахтоьхна дуккха а тайп-тайпана барамаш го вайна. Сирлачу духаршца бераш лела ловзаршкахь шайн накъостий лаца г1ерташ, церан беларш йерриг а к1оштахь хезаш хуьлу.
Берийн де деккъа цхьа дезде хилла ца 1а. Иза цхьа шатайпа дагадоуьйтуш ду вайна массарна а, бералла ларъйан йезаш хилар, х1ора беран бакъо хилар ирсе, сингаттам боцуш, ловзарех, тамашийначу х1уманех йуьзна хан йаккха. Оцу дийнахь бераш делакъежийта, церан б1аьргаш ирсах къегийта вай ницкъ кхочу дерриг дан г1ерта — х1ора берана дерриге а 1алам хинболчу кхиамех дуьзна.
Цундела берийн дено бералла ларъйар мехала хилар дагадоуьйтуш хилла ца 1аш, цо дохьуш долу хазахетар а дагадоуьйтийла вайна! Х1ора беран аьтто хуьлийла аьхкенан денойх, малхах, доттаг1аллех самукъадаккха!
БИБУЛАТОВА 1айнаъ