Мархин бутт кхабаран дозалла
Мархин бутт бусалба стагна чIогIа дика хан ю Далла Iибадат дан. Марха кхобу хан тIехIоттар Комаьрша волчу Делера чIогIа доккха ниIмат ду, Шена луучунна дика деш Цо луш долу, Шен лайн диканаш совдовлийта, цуьнан даржаш лекха довлийта, цуьнан вон хIумнаш дIадовлийта, Сийлахь а, Лекха а волчу цуьнан Кхоллархочуьнца йолу цуьнан юкъаметтиг а чIагIйалийта, цунна боккха мел а язбалийта, шортта дика а хилийта, цунна Дела реза а хилийта, цуьнан дог Делах кхерарх дуза а дузийта.
Мархин бутт кхабаран дозалла дуьйцуш деанчу аятех а, хьадисех а ду кхузахь хьахор долу цхьадерш:
— Сийлахь Лекха волчу АллахIа аьлла:
[(Шуна кхаба тIебиллина болу бутт) Рамзана бутт бу, шена чохь Къуръан доссийна болу – ша нахана куьйгалла а долу‚ шена чохь нийсачу некъан а, (бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам) къасторан а билгалонаш а йолу -. Шух цхьанна и (мархин) бутт тIехIоттахь – цо кхобийла иза. Нагахь цхьаъ цомгаш хилахь‚ я новкъахь хилахь[1] – кхечу денойх цхьа дакъа (кхочушдер цо). АллахIана лаьа шуна атто хила‚ Цунна ца лаьа шуна хало хила. Кхочушде аш и денош‚ вазве аш и Дела (АллахIу акбар аларца)‚ Цо шу нисдарна нийсачу новкъа‚ тIаккха шу хила мега шукр деш] [Сурат «Ал-Бакъарат» 185 аят].
— Абу ХIурарайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:
«Делах а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш мархин бутт кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан хьалха мел хилла къиношна». (Бухари, Муслим).
— Кхин а цхьа хьадис дийцина цо – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«…Бусалба стага дина долу цхьа дика ворхIбIаьнга совдоккхуш ду. Нуьцкъала а, Сийлахь волчу АллахIа аьлла: “(Ша долу дика иштта совдоккхуш ду) цхьа марха доцург, бакъдолуш иза Сан ду, Ас цунна (диканца) бекхам а бийр бу. Шен дегIан марзонаш а Iад юьту, яахIума а Iад юьту Сан доьхьа.” Марха кхобуш волчунна ши хазахетар ду: марха достучу хенахь а, Далла хьалха хIуттур волчу хенахь а. Баккъалла а, марха долчу стеган багара йогIу хьожу Далла гергахь цIена а, хаза а ма ю миск-IатIарал а». (Бухари, Муслим).
— Марха кхобучуьнан доIа Дала жоп луш долу доIа ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Марха кхобучо марха достуш деш доIа ду, Дала духа ца тухуш долу». (Ибн МáджахI).
Цундела бусалба стага шен марха досту хан эрна дIа ца йохуьйтуш, шен Деле доIа деш яккха еза, хьанна хаьа, Сийлахь Лекха волчу АллахIан совгIатех цхьа совгIат нисдала а мега цунна, дуьненахь а, эхартахь а цуьнан ирс хуьлуьйтур долу.
— Дала марханаш кхобуш хиллачарна шайнна йоьгIна цхьа неI ю ялсаманехь, шена чухула марханаш кхобуш хилларш бен чугIур боцуш йолу. Дала царна иза йоьгIна церан лерам беш, уьш кхечарех къастош. СахIл ибн СаIд цIе йолчу асхьаба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:
«Бакъдолуш, ялсамани чохь цхьа неI ю, «Раййáн» цIе а йолуш. Къемат де тIехIоьттича эр ду: «Стенгахь бу марханаш кхобуш хилларш?» ТIаккха уьш цу чу баханчул тIаьхьа дIакъовлур ю иза церал тIаьхьа, кхин цхьа а чу а гIур вац цу неIарехула». (Бухари, Муслим).
— Мархано ша кхобуш хиллачунна Къемат дийнахь шапаIат дийр ду. Iамра кIанта IабдуллахIа дийцина – Дела реза хуьлда цаьршинна – Делан Элчано элира аьлла:
«Мархано а, Къуръано а шаьшшин накъостана шапаIат дийр ду Къемат дийнахь. Мархано эр ду: «ХIаъ хIай сан Дела! Шен дегIан марзонех а, яахIумнах а юхатуьйхира ас иза, шапаIат дайтахьа соьга цунна!» Къуръано а эр ду: «Буьйсанна ечу набарх вухаваьккхира ас иза, шапаIат дайтахьа соьга цунна!» ТIаккха цаьршинна пурба а делла, цаьршина шапаIат къобал дийр ду». (Ахьмад).
— Марха кхабаро бусалба стаг собаре во, хало ловр йолуш а хуьлуьйту, хIунда аьлча мархано шена дезаш долу хIумнаш а, шен дегIан марзонаш а Iад юьтуьйту цуьнга, ткъа синлаам бухатохар тIехь йоккха хало хуьлу.
Марха кхабаран гIиллакхаш
1 – Марха кхобуш верг ларвала веза гIийбат дарх а, эладита дийцарх а, иштта Дала хьарам динчу кхечу дешнех а. ХIора бусалба стага шен мотт ларбан беза хьарам долу хIумнаш дийцарх а, кхечу нехан сий дойъу хIума аларх а. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Харц тешалла дар а, цуьнца Iамал яр а Iад ца дуьтуш верг – Далла оьшуш дац цо даар а, малар а Iад дитар». (Бухари).
2 – Iуьйкъанна яахIума яар Iад ца дитар, хIунда аьлча цо марха кхобуш волчунна и кхаба гIо до дела. Цхьамма Iуьйкъанна хIума кхаьллича, шен дийнахь шен гIулкх дан гIора а, паргIато а йолуш хир ву иза, цундела Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iуьйкъе йе аьлла вайга:
«Iуьйкъанна юуш йолу яахIума беркате ю шуна, цундела аш иза Iад ма йиталаш, цхьа хин къурд бай а Iуйкъе ян хьовсалаш, бакъдолуш, Нуьцкъала а, Сийлахь а волу Дела а, Цуьнан малийкаш а Iуьйкъе еш болчарна салават дуьллуш[2] бу шуна». (Ахьмад).
3 – Малх чубуьзний шена хиъначул тIаьхьа сихха марха дастар. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Адамашкара дика хедар дац цара марха сихха мел досту». (Бухари, Муслим).
4 – Шен ницкъ ма кхоччу хурманца – тIедачуьнца, йа йекъачуьнца — марха даста хьажар, хIунда аьлча иза суннатера долу дела. Анас-асхьаба – Дела реза хуьлда цунна – аьлла:
«Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша ламаз дале марха дастара тIедачу хурманашца. ТIеданаш яцахь, йекъачаьрца дастара, уьш а ца хилча хин къурдаш деш марха дастара цо». (Абу Давуд).
5 – Къуръан дукха дешар, Лекха хинволу Дела дукха хьехавар, Иза дукха хестор, сагIа дукха далар а, дика Iамалш а, суннат ламазаш а дукха дар, иштта кхин йолу дика Iамалш а дуккха яр. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла:
«Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – нахана юккъахь дика хIума уггар дукха деш верг вара. Иза уггар комаьрша хуьлу хан мархин бутт бара, Жабраил-малийкаца иза цхьанакхетачу хенахь. Жабраил-малийк мархин беттан хIора буьйсанна цхьанакхетара цуьнца, тIаккха цо цунна Къуръан Iамадора. Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шеца Жабраил цхьанакхетачу юкъахь чIогIа комаьрша хилара, арахь хуьлу сиха мох санна сиха дара цуьнан сагIа далар, и мох массо метте кхачаре терра, цуьнан сагIин беркат массарна а кхачара». (Бухари, Муслим).
Марха дохон хIуманаш
— Марха дохадо мархин беттан дийнахь шена хаа а хууш яахIума яаро а, цхьа хIума маларо а, иштта кхин йолчу даарийн-маларийн маьIнехь долчу хIумнаша а, масала – дегIе ницкъ боуьйту маха тохаро а, молханаш маларо а – хIунда аьлча и шиъ дааран-маларан хьукманехь долу дела. Амма цхьа кIеззиг цIий даккхаро – цамгарна таллам бан доккхуш дерг санна – марха доха ца до.
— Кхин а марха дохочу хIуманех ду мархин беттан дийнахь шен зудчуьнца гIулкх дайтар. И санна хIума динчунна тIехь ду Деле тоба дар, ша мархин беттан дохийначу хьурматана. ТIаккха кхин а цунна тIехь ду оцу дийнан марха доькхуш юхакхабар а, ша динчу хIуманна тIера «каффáрат» далар а: цхьа лай паргIат ваккхар, я иза шега ца далахь, тIаьхьий-хьалхий ши бутт марханаша кхабар, я иза а шега ца далахь кхузткъа миска стагана даар далар, хIора стагана ах сахь кIа а луш, я цуьнан метта шен махкахь лелаш долу коьрта юкъара даар а луш. Цо иштта и хIума дан дезарна тешалла ду Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис. Цо аьлла:
«Цхьана дийнахь тхо Пайхамар волчахь – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хевшина Iаш а долуш, цунна тIе цхьа стаг веара, тIаккха цо цуьнга элира: «ХIаллак хилла-кх со хIай Делан Элча!» Цо элира: «ХIун хилла хьуна?» Цо элира: «Сайн зудчуьнца гIулкх деана сан со марха кхобуш а волуш». ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ДIахеца лай вуй хьан?» Цо элира: «ХIан-хIа». Цо хаьттира: «ТIаьхьий-хьалхий ши бутт марханаш кхаба лур дуй хьоьга?» Цо элира: «ХIан-хIа». ТIаккха юха а цо хаьттира: «Кхузткъа мискачу стагана даар дала лур дуй хьоьга?» Цо жоп делира: «ХIан-хIа». ТIаккха Пайхамар волчахь – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сецира и стаг. Тхо иштта Iаш а долуш, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана тесахь хурманаш еара. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттира: «Стенгахь ву и соьга хоьттуш хилларг?» Цо жоп делира: «Со ву». Цо элира тIаккха: «ХIара хурманаш схьа а эце, мискачарна сагIийна дIало уьш (айхьа динчунна тIера)». ТIаккха цо (стага) элира: «ХIай Делан Элча! Сайл мискачарна лур-те ас уьш? Вай Делор, хIокху кIоштахь сан цIийнал миска цIа ма дац!» ТIаккха Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – велавелира – шен пхьарцергаш гучу а йовлуш – тIаккха элира цо: «Хьайн охIлунна дIа а лой, цаьрга яийта уьш». (Бухари, Муслим).
— Марха дохочу хIуманех ду барт баккхарца, я юх-юха шен хIусамнене хьажарца, я кхечу и санна долчу бахьанашца оралла арайалар. Нагахь санна ишттачу цхьана бахьанца оралла ялар хилахь, и хиллачо марха доькхуш юхакхаба деза цуьнан, и хиллачу дийнахь кхин дIа даарх-маларх кхета а ца веза иза, каффарат а дац цунна тIехь. Делахь а, тоба дан а деза цо, дохко вала а веза иза ша динчунна, гечдар деха а деза цо, дегIамарзо меттах мел йоккхур йолчу хIуманех генавала а веза иза. Амма нагахь санна вижина волчу хенахь оралла ялар хилахь, цо цуьнан марха доха ца до, цундела цхьа а хIума тIе а ца дужу цунна цхьа лийчар доцург.
— Марха дохочу хIуманех ду ша-шега Iеттавайтар, шен хьера чохь долу хIума шен багахула арадаккхарца. Амма нагахь санна Iеттийначунна иза лаа а ца лууш, цуьнан бахьанца а доцуш Iеттор хиллехь, цо марха ца доха до. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Шен лаамца а доцуш Iеттор хилахь цхьанна а тIехь дац и марха декхар, шена хаа а хууш ша Iеттавайтинчо и марха декхийла цо». (Абу Давуд, Тирмизий).
— Марха дохочу хIуманех ду зудчун беттан денош ларден хан, я бер динчул тIаьхьа денош ларден хан тIехIоттар. И хан Iуьйранна тIехIоттахь а, я де чекхдолучу хенахь тIехIоттахь а марха духу зудчун, малх чубуза йиснарг кIеззиг хан бен ца хилахь а.
— Марха кхобучунна гIолий ду шен коьртах, я шен дегIа тIера кхечу меттера цIий даккхар Iад дитича, шен марха дохарна герга ша ца хилийта. Кхин а цунна гIолий ду шен пхенаш чура цIий а ца даккхийтича, нагахь санна цхьа чIогIа цIий хьашт долуш цомгаш верг вацахь. Амма нагахь санна мерачухула цIий дагIахь, я йовхаршца цхьаьна цIий далахь, я лазийначу меттера далахь, я кхела дIаяккхийтича цIий далахь, и санна долчу хIумнаша марха ца доха до.
(«Исламан арканаш»)