БIаьсте тIеян дукха хан ца йисинера. Цуьнан аьхна хIо хаалора самадала гIерташ долчу Iаламехь. Ло дешна дIадаьллера. Ур-атталла малх ца кхетачу, цIеношший, дитташший хьулйинчу меттигашкахь а ца гора цуьнан цхьа Iаьциг а. Денош дахделла доьлхура. Маьлхан йовхо а де-дийне мел долу алсамйолуш яра. Амма Iаламах а, адамах а дIакъаста ца луучу Iаьно наггахь шен аьрха амал гойтура, цIеххьана ло кхуссий я шийла мох хьовзабой.
Цу Iуьйранна а, жимма мехаца дайн ло а хьовзийна, юха, малх а хьаьжна, хазъелла дIахIоьттира арахь. Хасавюьртахь, базар хIуттучу меттигехь, гулделла дукха адам дара. Цхьаберш шаьш баьхкинера, вуьш, бертаза арабаьхна, схьабалийнера. ГIалаг1азкхий, эрмалой, жуьгтий, суьйлий, цхьа кIеззиг нохчий – баккхалшкахь йохкар-эцар лелош берш, пхьераш, белхалой, ахархой бара уьш. Кхарах дIакъаьстина, шайн тоба а йина, юьстахо лаьттара хьоладай: Iедалан гIуллакхахой, эпсарш, церан зударий, шайн ялхошца гІумкийн элий, меттигера совдегарш. Уьш сихонца аннех йинчу цхьа метр хиллал йолчу лакхенна шина а агІор бара, ткъа лакхахь дІанисбеллера Іедалан векалш, шайн коьртехь инарла-майор Кемпферт Павел Иванович а волуш. Иза доккхачу кІедачу кресло чохь Іара, сирделла догIучу мекхех наггахь дайн куьг а хьокхуш. Тахана кхузахь ирхъолла кечвинчу тутмакхна таIзар дарх долчу омранна кIел куьг яздинарг вара иза. Цунна гонах лаьттара эпсарш, адъютанташ, кхеран зударий.
Майданна юккъехь стаммийчу бІогІамех йина тангІалкх лаьттара, шена тІера чукхозуш корта чекхбаллал шад бина муш а болуш. Ирхъолларна кечйина майда еа агІор дІалаьцна лаьтташ, карахь тоьпаш а йолуш, сирачу басахь долу чоэш дуьйхина салтий бара. Юккъехь гІуллакх дІахьош волу коьрта эпсар а, лахарчу даржера цуьнан ши гІоьнча а, ши бІаьрг бен ца гуш, коьртах йоьллина хІума йолу чалтач а вара.
– БогІуш бу! БогІуш бу! – аьлла, гІугІ даьржира нахана юкъахь.
ТІулг биллинчу урамехула схьайогІу дошлойн тоба гучуелира геннахь. Говрашкахь болчу гІалагІазкхаша го а бина, ворданахь схьавалош тутмакх вара. Аьтту ког а, аьрру куьг а, бІаьрг а бацара цуьнан, амма, хене хьаьжна доцуш, гІора хаалора цуьнан шуьйрачу белшашкахь, ворданан цІа схьалаьцначу доккхачу, ондачу куьйгехь. ТІера Іаьржачу басахь долу чоа тиша а, цхьаццанхьа эттІа а дара, чухаларчу кучана тІехь цІийн хьоькхнаш яра гуш. Къоьжачу можо кхелинчу цуьнан буьрсачу юьхь тІехь цхьана а тайпана воьхна я охьатаьIна хилар ца хаалора. Иза заьІап стаг вара, амма хала дара цунах иза ала. ХІунда аьлча майрра, корта айъина схьаваро, доьналла шен тІехь долчу юьхьо, буьрсачу хьажаро цуьнан заьІапалла дага ца йоуьйтура.
– Alex, il infirme! Comment un tel homme à la pendaison? (Алекс, иза заьІап стаг ма ву! Ишттаниг ирх муха уллур ву?) – хоьттура шена уллехь лаьттачу эпсаре, коьрта тІехула лаьцначу четарца йолчу, хьоладайн тобанна юкъарчу къоначу зудчо.
– Chérie, c’est très dangereux criminel. Comme il faut pendre! (Хьомениг, иза чІогІа кхераме зуламхо ву. И саннарш ирхъохка беза!) – жоп делира курачу эпсаро, дашо гІутакха чуьра схьаяьккхина папироса гІутакхан негІарна тІе а тухуш.
Ша охьаваккха тІебаьхкина салтий, дуьхьал куьг ластийна, дІа а човхийна, Іасанна тІе а тевжаш, ворданна тІера чувоьссира тутмакх. Гулделлачу адамашка хьоьжура иза – цхьа а вевзаш стаг вацара, хийра, кхардаме, къинхетам боцу яххьаш…
Ирхъолла валийначу стеган цІе Бенойн БойсагІар яра. И цІе Нохчийчохь а, ДегІастанехь а шуьйра евзаш яра. ХІара имаман Шамилан гІараваьлла наиб вара. Имам оьрсийн караваха тІаьххьара сахьт тІекхаччалц цунна юххера шен тІемалошца дІаваьлла вацара иза. Цо герз охьа ца диллира имам эшначул тІаьхьа а, хІунда аьлча кхуо ша эшна ца лорура. Кхунна юххера хийла майра кІант гІазотехь декъалхиллера ткъе пхеа шарахь паччахьан эскаршна дуьхьал бечу тІамехь. Кара а вахана, герз охьа а диллина, шен а, оцу дикачу кІентийн а сий дойъур дацара дера лом санна волчу БойсагІара. «Говрахь мел ву, со тІемало ву!» – олура цо, тІаьрсиган бахтаршца ша говра тІе дІа а воьхкийтий. Шен цхьаъ бен доцчу куьйгаца хийла мостагІ цо вожийра оьрсашца хиллачу шайн тийсадаларшкахь. «Таш адам» олура цунах Шемала, «ТІулган адам» бохург ду иза нохчийн матте даьккхича. ХІара ван а вара, тІулгах вича санна, хІунда аьлча цхьана а хІуманна бІокъажор доцуш, шелвалар, кІадвалар хІун ду ца хууш, тІеман кІуьрлахь воллура хІара, уггаре а кхерамечу меттигехь ша хьалха а волуш. Лазийна, меженаш дІаяьхна велахь а, къар ца веллера, къийсамна юха ца ваьллера БойсагІар. Массарна а, шайн Даймахка дуьхьа къийсам латточарна, масал хилла лаьттира хІара дуккха а шерашкахь. Цундела хьакъ вара хІара шех «ТІулган адам» ала.
БойсагІара шина шарахь дуьхьало йира оьрсийн Іедална Шемал йийсаре ваханчул тІаьхьа. Нохчийн лаьмнашкахь кхуо а, кхуьнан накъосташа а нах гІовттийра мостагІашна дуьхьал. ХІорш лийтира шайн гІора мел ду. Кхузткъа шарал тІехваьлла, заьІап велахь а, иза массанхьа а дика ларавора. Доцца а, ондда а цуо олучу дашо иракарахІитабора кегийнаш, уьш цунна тІаьххье буьрсачу тІама юккъе лелхара.
ТІаьххьара хиллачу тІамехь БойсагІарна кІелара дин бийра, уллехь йоккхачу тоьпан хІоъ а иккхина. Кхунна а чевнаш хилира. Кхетамчуьра ваьлла волу хІара мостагІаша йийсаре лецира.
ХІара мостагIийн караваханера гIорасиз висарна, амма къар ца веллера. Тахана дуьненчохь яккха йисинарг цхьа кІеззиг хан бен цахиларна, шеца буьрсачу тІемех чекхбевллачу накъостийн яххьаш ган лиънера кхунна, амма иза хила ца доьгІнера.
– БойсагІар! Воха ма вохалахь, хІара дуьне массарах а дуьсур долуш ду хьуна! – аьлла, нохчийн маттахь нахана юкъара мохь туьйхира цхьаммо.
– ХІан? – ша лаьттачохь тохавелира БойсагІар. Кхунна чІогІа хазахеттера нохчех цхьаъ кхузахь нисвелла. ХІинца шен валарх Нохчийчохь дийца цхьаъ хир вуйла хаьара цунна. Иза мохь тоьхначу агІор хьоьжура леррина, и стаг ган лууш:
– Со бохий ахь? Вухур вацара, хьаха, со-м, стигаллий, латтий дозуш а долуш. Со дукха хьежна Іожаллин бага. Шух къахета-кх, кху копарша хьийзош долчу. Яхь йолу кІентий! Къар ма лолаш! Леталаш кху гаурех!
– Заткни рот! Не ори! (ДІасацае хьайн батт! Ма е гІовгІа!) – аьлла, чугІоьртира кхунна эпсарийн лахарчу даржехь волу цхьаъ. Амма кхуо иза мозанал башха тергал ца вира.
Ирхъоллар дІахьош волчу эпсаро куьг а ластийна, вотанаш етта буьйлабелира вотанчаш. БойсагІар салташа тангІалкхана тІе теттира. ХІара, Іаса луьйзуш тІе а вахана, ша хьалавелира шуьйрачу гІанта тІе. Чалтачо, кхуьнан коьртара месала Іаьржа куй схьа а баьккхина, коча муш оьллира, шад тІе а озош. БойсагІара куьйга эшарца шен куй дІатилла элира чалтаче. Важа эпсаре хьаьжира. Эпсаро корта таІийча, куй БойсагІаран коьрта тІе тиллира чалтачо.
Цхьана кога тІехь лаьттара БойсагІар тангІалкхана кІелахь логах тесначу муьшаца. ЦІеххьана хьаькхначу мохо кхуьнан сирачу можан чоьш а, месалчу куйнан кІинжанаш а дІасахьаькхира. Кхунна ца хаалора и шийла мох, хІара Далла хьалха хІотта кечлуш вара.
— Iаузу биллахIи минашшайтIанирражийми.
БисмиллахIиррохьманиррохьийим. Ясин. Вал Къуръанил хьакийми. Иннака ламинал мурсалийна… – аьлла, хезаш еса деша хІоьттира БойсагІар. Бехха дІакхехьначу къийсамехь кхуо дукхазза а дешнера иза шен кхелхинчу накъосташна, хІинца шена деша а дийзира. – Яраббий Везан Дела! Хьайна тІевогІучу лайна гечдехьа! Хьан кхелана реза ву-кх со… – доІа дора цо, ясин дешна ша ваьлча.
Нохчийчоь йолчухьа дІахьоьжура иза. Мел генахь дара кхуьнан дахар шайна юккъехь дІадахана долу хьоме лаьмнаш.
– Іодика йойла шун, сан къоьжа лаьмнаш! Цкъа шух бІаьрг тоха йиш хиллехьара… – хьийзара цуьнан коьртехь. – Даймохк, дай баьхна латта… дерриге а хьан дуьхьа дара… со дохко ца ваьлла айса лелийначунна, бІаьрган негІар тухучу юкъанна а… марша Іойла хьо, сан Нохчийчоь!
Майданна гонах лаьттачу нахана кхуо цхьа шабарш деш санна хетара. Корта хьала а айина, генна дІахьоьжуш, леррина цхьаъ ган гІерташ санна вара иза. Воккха стаг воьхна вацара, цуьнан буьрса сибат доьналлех дуьзна дара.
Эпсаро кхунна кхел кхайкхош долу кехат дІадийшира. Паччахьан Іедалан сацамца, Россин пачхьалкхана дуьхьал тІом барна, дуккха а зенаш цунна дина зуламхо а лерина, хІара ирхъоллар дара цу тІехь кхайкхош дерг.
ЦІеххьана нахана юккъехь гІовгІанаш евлира: «Таш адам! Таш адам!» – бохуш, маьхьарий дара хезаш. Адамаш юккъехьа тІегІерта дуьйладелира, хьоькху маьхьарий а, гІовгІанаш а алсамъюьйлуш лаьттара.
Шен цІе йоккхуш хезча, вела а къежаш, нахе хьоьжура БойсагІар. Шен карахь тур долуш санна, куьг хьала а айина, цхьанна тухучуха сихха охьаластийра цо. Нахана юкъахь баккхийберан маьхьарий девлира: «Таш адам! Таш адам!» – аьлла. БойсагІарна гора шен тІаьххьарчу миноташкахь шена гІо дан лууш, ша иракарахІотто гІерташ уьш буйла. Цаьрга а хьоьжуш, баркаллица корта байн охьатеІабора цо.
Лакха тІехь болу Іедалан хьаькамаш мелла а боьхна дІасахьоьжура. Инарла-майора ойла йора: «ХІара акхарой карзахйовлахь, кхунах йоккха ІалагІожа хир ю. Хьанна хаьа кху йовссаршна хІун дагадогІу?…» БойсагІар ирхъуллуш кхуза а гулбелла, иза кІелхьарваккхархьама нохчаша, суьйлашца берта а бахана, цхьа гІурт барна кхоьрура иза. Цо шен кІайн кара охьаластийра, ирхъоллар дІахьош волчу эпсаре ишар еш. Вукхо цу сохьта салташка, уьш нахана дуьхьал берзош, омра а дина, вотанаш тохийтира. Цхьамзанаш адамашна дуьхьал а лаьцна, дІахІиттира салтий. Вотанаш дІасевцча, эпсар юха а вистхилира:
– Зуламхочунна кІелхьара гІант дІадаьккхинчунна дато сом ахча ду командованис диллина. Шуна юккъера цхьаъ валахь, и ахча хІоккхузахь дІалур ду!
Нахана юкъахь юха а гІовгІанаш евлира. БойсагІарна ца хаьара эпсаро хІун боху. Иза нахе хьоьжура, хилларг хІун ду ца хууш.
– ХІун боху цу гауро? – хаьттира цо аз айдеш,хьалха шега нохчийн маттахь стаг вистхиллачу агІорхьа а хьаьжна.
– Хьуна кІелхьара гІант дІадаьккхинчунна дато сом лур ду боху! – дуьхьал мохь туьйхира нохчийчо.
– ХІай неІалт хила кху боьхачу хІуманашна! Кхара вайна юкъа туьйсу питана…
Эпсаро кхин цкъа а кхайкхийра ахча. Нахана юккъера схьаволуш цхьа а вацара.
– Везан Дела, собар лохьа суна! Халачу зерах чекхвоккху-кх Ахь Хьайн лай! – лохха доІа дора БойсагІура. – Доьху Хьога, АллахІ-Дела, соьмах Іехавелларг бусалба ма хилийталахь!
Эпсар инарла волчухьа дІахьаьжира. Вукхо кхуьнга корта таІийра.
– ГІант дІадаьккхинчунна дато кхо сом ахча ло командованис! – дІакхайкхийра эпсаро.
Эххар а нахана юккъера , уккал а таІийна, цхьа стаг схьавелира. Къонахчун сибат дацара цуьнан: меркІелахь мекхан кхо-биъ чо а, тІебаьлла букъ а болуш цхьа гІаларт дара-кх. Цуьнан духарца хала дара иза муьлхачу къомах ву ала, массара а лелош долу чоа а, кхакханан куй а, неІаран мачаш а яра цунна тІехь. Нах бист а ца хуьлуш лаьттара, цо хІун до хьоьжуш. Иза цкъа эпсарна тІе волавелира. Вукхо гІанта тІе пІелг хьажийра.
Шена тІевогІу соьмах сий, эхь, яхь йоьхкина и стаг а гина, оьгІазвахара БойсагІар. Алу хилла богура цуьнан цхьаъ бен боцу бІаьрг:
– Суна тІе ма йоьллахь, къотІалгІа йина хІума! Ас партъаьлла са схьаоьккхуьйтур ду хьан! – лоьмо ден гІигІ санна, декара цуьнан гІоргІа аз.
Стаг ша волччохь сецира. Нохчийн маттах кхеттехь я ца кхеттехь, заьІап волчу цу стагера шена боккха кхерам буйла хиира цунна. И ямартхо дан воллург кІиллочо бен дийр дацара, ткъа кІиллочуьнгахь хІун де ду? Кхераваллал бен ма дац цуьнан са.
– Вурро!– аьлла, майда екош мохь а тоьхна, шена кІелхьара гІант когаца дІакхоьссира БойсагІура. ДІаьндаргаша лазийна, молханан кІуьро чахчийна, шелонах, гІелонах чекхдийлина цуьнан турпала дегІ тангІалкха тІехь кхаза дисира.
Адамаш, цхьана ханна Іадийча санна, лаьттара. Лан инзаре хала сурт дара царна хьалха хІоьттинарг. Юха уьш майданара дІатасабелира. ТІехьарчара, сихбелла, тІетоьттуш, хьалхарнаш дІабаха ца кхуьуш, охьаоьгуш, зударийн цІогІанаш, белхарш, божарийн узарш – дерриге а цхьана а ийна, боккха кегаре хІоьттира майданахь.
– Джума, тергалъелахь и боьха хІума, и карараялийта йиш яц, хьуна, – элира шен накъосте хьалха БойсагІаре вистхилла волчу къоначу нохчийчо, генна хьалха къайлавала сихвелла воьдучу, БойсагIарна кIелхьара гIант дIадаккха гIоьртина стаг волчухьа корта а ластош.
– Хьуьлла хьалха ю и копур. Карара-м, дера, йолуьйтур яцара иза…
Инарла-майорана луург ца хилира. ХІорш туземцашна юкъа стим таса хьаьвсира, шаьш хьалххе маттара винчу ламарочуьнга ирхъуллучунна кІелхьара гІант дІа а даккхийтина. Нохчашний, ДегIастанехь дехачу къаьмнашний юкъа мостагIалла долла дагалаьцна хIума дара иза. Амма иза БойсагIара шен валарца чекх ца далийтира. Цунна цхьана минотехь хиира мостагIаша дагалаьцнарг, тIаьххьара ша динчу гIуллакхца а царна тIехь толам баьккхира цо.
– Кхин хIун дера дара цу акхарочуьнгара?! – элира инарла-майора Кемпферта, шена БойсагIур ирхъоллалуш гича. – Дуьло, господа, спектакль ца моьттучу кепара дIаели.
Иза шеца болчу эпсаршца а, зударшца а майданара дIавахара. Лахахь лаьттина хьоладай а дIасабевлира.
Кестта майда яссаелира. ТангIалкха тIехь кхозу дакъий, и лардеш волу масех салтий бен ца висира цигахь.
Цу дийнахь Хасавюьртана дукха генахь йоцчу, нохчий бехачу юьртахь, гIазотехь белларш ма-бохккара, дIавоьллира БойсагIар. Цуьнан сийлахь цIе Нохчийчохь яха йисира ерриге а тIейогIучу хенахь, лийр доцчу доьналлин масал а хилла.
БойсагIарна кIелхьара гIант дIадаккха юкъаваьллачу стеган къиза валар хилира. Адам майданара дIасадолучу хенахь цу шина нохчочо, тIаьхьа а вахана, верина охьавиллира иза. ШолгIачу дийнахь, бага йоьллина Iуьрг даьлла Iаьржа кепек а йолуш, Iуьллу цуьнан дакъа карийра Хасавюьртана юьстахо йолчу цхьана яьссачу меттехь. Кхин тIевогIуш стаг а воцуш.
АРСАНУКАЕВ Муса