Вайн доккха дозалла

 

Дуьненан юкъара ненан меттан де кхоьллина 1999 шарахь ЮНЕСКОн 30 Генеральни сессехь. Иза даздо хlора шарахь чиллин 21-чохь. И де массо а къаьмнашна биглалдаккха т1едилларан коьрта бахьна дара, дуьненчуьра чаккхе йоцуш дlадовлуш долу меттанаш лардар.

Халахеташ делахь а хlора шарахь дуьненчуьра лар йоцуш дlадовлуш иттанаш меттанаш ду. Цаьрца цхьана, цкъа а ца хилча санна довш ду къаьмнаш а. Ткъа уггаре вай кхоьрург, тlедогlучу 20 шерачохь, ЮНЕСКО-с биначу хаамаца, дlадовр долучу меттанашна йукъахь бу вайн Нохчийн мотт а. Хlун дан деза вай и иштта ца хилийта? Хlунда бу вайн мотт оцу могlарехь? Муха дала деза кху хаттаршна жоьпаш?…..
Массо а дуьненахь санна, Россехь а д1ах1оьттина иштта кхерам. Тахана вайн пачхьалкхехь цхьа бlе сов къам ду шайн ненан меттахь йоза а долуш. Оьрсийн мотт массанхьа баржар бахьна долуш, кегийчу къаьмнашна боккха кхерам бу гергачу хенахь дlадовла. Ткъа ненан мотт дlа ца балийта, коьрта бахьна — дуккха а нах хила беза цуьнан lуьналла деш, вуьшта аьлча, и мотт буьйцуш.
Кхоьруш дерг, дуьненан йукъара меттанаш lамош а, цу меттанашкахь къамелаш деш а нах дукха мел хуьлу, шайн ненан мотт буьйцуш берш к1еззиг хуьлу, иза царна бицло. Цундела ду, lилманчаша билгаладаккхарехь, т1аьххьара д1адаханачу бlе шарчохь дукхах долу меттанаш дайна. Вайн заманчохь йукъайаьлла йолу интернет а ду цуьнан бахьанех цхьаъ. Хlунда аьлча, кегийчу къаьмнийн меттанашкахь йоза дац цу чохь. Ткъа дерриге меттанаш а, къаьмнаш а цхьатерра бакъонаш йолуш ма ду, хlунда аьлча хlора а къомо шайн-шайн меттаца схьакхоьхьуш а, кхиош а йу шайн истори а, культура а. Цул совнаха, хlора а къоман ша-тайпа lадаташ а, ламасташ а, дахаран некъаш а ду. Ткъа мотт дlабаьллачулла тlаьхьа, цкъа а ца хилча санна дlадолу диснарш а.
Цундела, лараме къоман вежарий а, йижарий а, сан дехар дара шоьга массаьрга а. Шайн доьзалехь къаьсттина кегийчаьрга, сийлахь хилла болу, муьлхха а хало т1ехlоттарх вайн дайша а, нанойша а дlа ца тоссуш, ларбеш, вайга схьакховдийна болу нохчийн мотт, бийцийтахьара аша. Вайн доьзалша и ца бийцахь, церан тlаьхьенна хаанне а хуур бац иза. Хилий вай вайн меттан сий деш!?
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля