Россин Федерацин Президентца В.В. Путинца 5 сахьт сов хан йаьккхира з1е латтош, цхьа мог1а мехала д1ахьедарш билгалдаьхна махкахь долчу хьолах а, цуьнан дуьненайукъарчу хьолах а лаьцна.
Цо ч1аг1дира леррина т1еман операци д1ахьочу территори т1ехь хьал кхиамехь хилар а, йерриг а т1еман мог1анехь вайн эскарша лелийна турпалаллин г1уллакхаш билгал а дохуш.
Цо аларехь, Россин экономика дика кхиамаш хуьлуш йу, санкцийн арахьарчу чолхенашна а кхиамца дуьхьало йеш.
Президента Путина къаьсттина ч1аг1дира суверенитет чоьхьара мехалла хилар, цуьнан коьрта аг1о ч1ог1а экономика хилар. Цуьнца доьзна цо билгалдаьккхира белхазалла вуно лахара хилар (2,3%) а, макроэкономикан гайтамаш цхьанаэшшара хилар а. Цуьнан прогнозца, 2025 шо кхачале ВВП кхиар хир ду 2-2,5%.
Оьрсийчоьнан куьйгалхочо иштта тидам т1ебахийтира махкахь т1аьххьарчу шина шарахь экономикан кхиарехь Европерчу пачхьалкхийн гайтамашна т1ехбевлла кхиамаш хиларна а. Цо ч1аг1дира Россин арахьара т1е1аткъам лан ницкъ кхочуш хилар а.
БАЙМУРАДОВ Мовсар