Iедална а, бахархошна а йукъахь зIе хилар —   кханенан коьрта агIо!

Вайн президентан Путин Владимиран «Прямой линих» лаьцна къамел массийтта  дош элира Дагестанан Халкъан гуламан депутато Ибрагимов Руслана

Цо билгалдаьккхира, ша къаьсттина тидамца цу тайпачу хиламашна т1аьхьакхуьуш хилар а, ч1аг1дира пачхьалкхан куьйгалхочун бахархойн кхачамбацаршца озабезам боцуш хилар а, массо а хьалаайдинчу хаттаршна к1орггера жоьпаш далар а.

Ибрагимов Руслана, зеделларг долу хьехархо хиларе терра, къаьсттина тидам т1ебахийтира дешаран а, патриотически кхетош-кхиоран а хаттаршна, т1аьхьарчу шерашкахь оцу аг1ор хаъал кхиамаш хилар билгал а доккхуш.

Т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь алссам г1уллакх  деш ву вайн мехкан куьйгалхо. Со тешна ву, куьйгалхочо вайга дуьйцуш дерг хилла ца 1аш, вайн пачхьалкхехь дахар тодарехь бакъйолу г1улчаш а хир йу аьлла хета суна! 1едална а, бахархошна а йукъахь з1е хилар —  боккха кхиам а, кханенан коьрта аг1о а бу!

Бибулатова Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля