ХӀора шарахь тайп-тайпана ю Россин президентан з1енан а, пресс-конференцин а хан.
2024-чу шеран г1уран беттан 19-г1а де т1екхачале дуккха а хаттарш а гулделла.
Угаре жима болу бахархошкара а дог1у хаттарш вайн куьйгалхочуьнга – уьш доьзна ду дешарца а, 1илмаца а, ткъа баккхийчеран хаттарш медицинаца а, социальни пособешца а, хӀусамца а доьзна ду.
Г1уран беттан йуьххьехь вистхуьлуш Путин Владимира д1ахьедира, уггаре а хаалуш долу жам1аш дешаран декъехь ду аьлла. Цуьнца цхьаьна медицинан г1о-накъосталла а, х1усамаш эца аьтто хиларан а хаттарш ду.
Т1аьххьарчу хаттаршна алсам тидам т1ебахийта беза. Царна йукъахь ду берашна луш долу пособеш хилла ца 1аш, дешаран системехь а, могашалла 1алашъярехь а, спортехь а, культурехь а, сада1арехь а, ткъа иштта туризмехь а кхин а аьттонаш хилар.
Кху шарахь мехкан куьйгалхочо жоьпаш луш ду вайн пачхьалкхан бахархойн хаттаршна. Искусственни хьекъалах пайда оьцур бу уьш къастош, тамашийна делахь а, 2024-чу шарахь дуьххьара. Путина хаттарш т1еоьцур ду телевизионан эфир чекхъйаллалц.
Шеран жам1аш д1адахьар – дика ламаст йу, х1унда аьлча вайн бахархошна президентаца з1е латтор аьтто буй хаьа, цо церан кхачамбацаршна а, сагатдечунна а кхоччуш жоьпаш лур дуй хаьа.
Цу тайпа «Прямой линеш» гойту, вайн куьйгалхо вайн халкъаца а, цуьнан сатийсамашца а вехаш вуйла.