Путин Владимира «Прямой лини» д1ахьуш йу тахана. moskva-putinu.ru сайто хаттарш схьаоьцуш ду. Уьш дала, цу ресурсехь д1айазвала веза. Хаттарш дала йиш йу текстан а, видеон а кепехь.
Иштта, 8-800-200-40-40 номерца з1ене а ваьлла, дийнахь а, буьйсанна а мехкан куьйгалхочуьнца з1ене вала йиш йу. Автоответчико хаам схьаоьцур бу, иза билгал а боккхуш.
Цул сов, сайтехула видеокхайкхам бан аьтто бу, иштта мобилан приложенехула хаттар дан а аьтто бу.
Текстан а, видеон а хаттарш президенте дахьийта йиш йу ВКонтакте а, Одноклассники а социалан машанашкахула а. Официалан тобанаш — vk.com/moskvaputinu а, ok.ru/moskvaputinu а.
Хаттарш т1еоьцур ду г1уран беттан 19-чу дийнахь программа чекхъйаллалц.
«Путин Владимирца шеран жам1аш» йолайелла 12 сахьт даьлча. Программо цхьаьнатоьхна пресс-конференцин а формат.
Т1аьххьара и тайпа барам хилла 2023-чу шеран лахьанан беттан 14-чу дийнахь. «Шеран жам1аш» диъ сахьт диъ минот лаьттира. Оцу хенахь куьйгалхочо жоп делла 67 хаттарна. Царах 26 хаьттина бахархоша, 33 хаамийн г1ирсийн векалша, шайна йукъахь Туркойчуьра а, Китайра а, 1амеркера а, Францера а, Сербски Республикан а журналисташ а болуш.
Путинан шеран жам1аш билггал хан йолуш бац.